Белхороев ИбрехIим вийна ГIалгIайчохь
Несарарчу Пионерская олучу урамехь шен машенчохь герз тоьхна вийна Белхороев. Болчу хаамашца, оцу сохьта велла ИбрехIим,ткъа цуьнан машенан урхалла дийриг чолхечу хьолехь дарбан цIийне кхачийна.
Белхороев ИбрехIима критика йора мехкан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекна. ГIадужу-баттахь ГIалгIайчоьно Нохчийчоьнца латтанаш хийцича, дуьхьалбевллачу протестхойн агIо лаьцнера цо.
