Гуьржийн дозанерчу Лакхарчу Ларсехь лаьтташ ю эзар сов машен
Кху беттан 26-чохь ЖаIаран ламанан дукъ дIакъовлар бахьана долуш цигахь гулйеллера 335 йоккха а, 630 жима а машен. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан орцаллан министралло (МЧС).
Дийцарехь, жимачу машенашкахь дукхаха берш бу Керлачу Шарца доьзначу мукъаденошкахь садаIа Оьрсийчуьра цIабоьлхуш болу Эрмалойчоьнан бахархой.
ХенахIоттаман говзанчаша хаам бина гергарчу 10-12 дийнахь ламанан дукъ хадорехь долу хьал вуно чолхе хир ду аьлла. И бахьана долуш Дагестанехула а, Азербайджанехула а болчу некъах пайда эца аьлла кхайкхам бина бахархошка Оьрсийчоьнан орцаллан министралло.
