Нохчийн вежарех лаьцна видео ю ББС-н Оьрсийн сервисан сайта тIехь хьалхарчу меттехь
Вежарий ДулатовгIар - Джабраил, Сулумбек, Ислам, Тамерлан - берfш долуш дIабигина дас-нанас Нохчийчуьра. Немцойн Дюссельдорфехь моделан бизнесехь болх беш бу уьш хIинца. Цара цхьаьна къахьоьгу дуьненера уггаре тоьллачу дизайнершца.
Маршо Радионо хьалхо дийцира цу веа вешех цхьаннах – Исламах лаьцна.
Парижехь божарийн духарш гойтучу модан барамехь уггар тIаьхьало йолчу моделийн тептаре ваьлла ву Дулатов Ислам
Шина кастинг-директоро Деркан Шеллис а (Loewe, Salvatore Ferragamo, Issey Miyake), Брокау Эшлис а (Vogue, Prada, Louis Vuitton, JW Anderson) гучудаьккхина шайн уггаре а керлачех бевллачу моделийн хIоттийна тептар. Цу юкъахь ву Дулатов Ислам а.
Ткъа вежарех уггаре воккхаха волу Джабраил (24 шо) кхиъна Alexander McQueen, Diesel, Gucci кхин йолчу а брэндийн гайтамашкахь дакъалаца.
