Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

"Ойла а ца еш, тентако санна, бухакхосса бен ца дуьсу"

0
Филиппович Екатерина                                                                                    Кавказ.Реалии

Ставрополера оппозиционер Савостин Михаил талламан изоляторехь кхобу итталгIа бутт бу. Дукха хан йоццуш хилла кхелан рогIера ладегIарш. Дов гIаттийначара вуно даккхий гIалаташ шайгара дийлийтина хилар гучудаьлла кхелана. Талламо тоьшалле балийнарш а бу кхаъ эцарца доьзна кху муьрехь зуьйш болу полисхой.


Генарчу некъа, кIомал а эцна?


Наркотикаш лелорна (Бехктакхаман кодекс, 228 артикл) бехкево Савостин. Кхушеран бIаьста, Охан-беттан 5-чу дийнахь лаьцна иза. Вильнюсехь хуьлучу "Маьрша Оьрсийчоь" форуме ваха новкъа волуш.


Цуьнан кисанахь кIомал карийна полисхошна аьлла ю девнан фабула. Низамхоша ша сацийча, цо шен машенан цкъурга буса тоьрмиг кхоьссира, шаьш дегIах хьавсича, кIомал карийра шайна, боху полисхоша.


Савостина кхечу агIор дуьйцу хилларг: некъан инспекцин микроавтобусо некъ лецира, цу чуьра туьтмIаьжигашкахь аралилхира нах, цара микроавтобусна чуваьккхира, серашца куьйгаш дихкира, "джинсийн тIехьарчу кисанахь цхьа манипуляци лелийра". (Билгалдаккха деза, цIийца наркотикан лар ца карийна талламна).







​Кхелехь рогIера гулам хиллачул тIаьхьа (кху беттан 23-чохь) дIаяьхна Савостинера хIуманаш, дуьйцу "Кавказ.Реалиига" оппозиционеран зудчо Широкова Никас: "Миша изоляторе юхавалийча, кхечунхьа чувоьллина, дIа ца елла цунна цуьнан цхьа а хIума, ур-атталла когатудурш я цергаш юьлург. Бухарчу чохьволлучо шегахь йолучу хIуманех дакъа дина цунна".


"Э" центра "дицделла" ша операци дIахьош лелларг


Савостинна дуьхьал тоьшалла деш ву Минеральные Воды полицин ши белхахо Козлов Александр а, Коков Марат а. Амма царна шайна дуьхьал айдина толлуш а ду дов – кхаъ эцарца доьзна, хаамбира "Кавказ.Реалиига"полицерчу хьостано.


Савостин лоцучу муьрехь йоцу бакъо шайн караэцарца, доцу тоьшаллаш кечдарца, кхаъ эцарца низам талхийна полисхоша, аьлла ду айдина дов. Амма оцу хьокъехь комментарий яла ца лиира тхан портална Ставропол махкарчу Талламан комитетан урхаллина.


Тешаш тешаме цахиларал словнах, дуккха а цхьаьна ца хIитталуш сенаш бу Савостинна духьал гIаттийначу девнца. Савостинца цхьаьна хилла, иза санна, наркотикаш лелийна аьлла, зуьйш ву цуьнан накъост Фроленков Сергей а.


Адвокато Зубенко Виталийс йовзуьйту талламехь долчу девнан агIонаш.


"Савостин воцуш, цуьнца цхьаьна Фроленков а хилла лаьцна. Амма кхелехь Ставрополан "Э" центран буьйранчин гIовсо Федоровс дIахьедина, шена вуьйцу хезна а вац Фроленков, аьлла. Тамаше ду, "наркоманаш" лоцу операци дIахьош хьалхабевлла леллачу ницкъхойн хьаькамна Савостин а санна, наркотикаш лелийна, аьлла, лаьцна кхин цхьа стаг а вуйла цахаар", дуьйцу адвокато.


Кхин цхьа харцо а ю девнца, боху Зубенкос: "Стенна дац талламан документашца тоьшаллин суьрташ? Савостинан машен сацош дакъалаьцначу Минеральные Воды гIаларчу полицин белхахочо, ша дохуш вара суьрташ, амма цIеххьана буьйхира шегара суьрташ доху гIирс, аьлла. Накотикаш схьайохуш дац суьрташца гайтина".







"Чуволла лаьа, амма ца карадо бахьана"


Бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакх лору Савостин.


"Бизнесца доьзна сакхташ ца карийна Савостинехь. Шена кхерамаш туьйссушехь, ца ца йитина цо политикера жигаралла. Бизнесехь бехкеван хIума дацахь, ойла а ца еш, тентако санна, бухакхосса бен ца дуьсу, аьлла дина цунна динарг. Чуволла лаьа, амма ца карадо бахьана. И чуволлар деккъа дIа белхан терахьна хилча, стенгара бевлла цигахь "Э" центран белхахой? Аргументаш пайде йоццушехь, къар ца луш, иза чуволла лаар политикаца доьзна ду", аьлла хета "Мемориалан" кхеташонан декъашхочунна, юристна Давидис Сергейна.  


И тайпа девнаш стаг набахте хьажорца бен ца доьрзу Къилбаседа Кавказехь, дагадоуьйту Давидиса.


"Низам тулур ду, Старопол-махкахь нийсо тIеер ю" ала бух банне а бац.  Делахь а, нахаладаьлла хIара дов. Компромисс-сацам арабаккха а тарло кхело, элира Давидиса.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net