Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Элдин Микаил. Суна хьо оьшу

0
Элдин Микаил. Суна хьо оьшу

Элдин Микаил

Суна хьо оьшу

Суна хьо мел чIогIа оьшу хьуна хууш хилча… ХIан-хIа, суна лаа-м ца лаьа кху дахаран мах хадо а, я Iожаллин къайле лаха а. Дахаро баркалла а, Iожалло неIалт а аьлла вац со, я дахаран цабезам а, Iожаллин безам а ца лайна-кх ас. Цхьа дика я вон ланза цхьа а са ма дац дуьненахь. Делахь а ахь сайна дитинарш аса-м хала лов. Сан са цхьа карзахе, со бале вожийна, цхьана даккхийчу къинойх уьдуш санна, тийжарца паналле кхийдаш мукъадала гIерта-кх. Ткъа дог?.. Дог-м шелделла Iадда дIатийна, делча санна. Ша ду - дац ца хоуьйтуш, гIийла цIийх а оьхуш, цIен мера* ваьккхина лурвоьлларг санна Iаш ду-кх. Ойланаш...Уьш а ю-кх цхьа беза, лазаме мохь а хилла, Iожаллин ун даьржинчу хIордан кеманчул башха, совца меттиг боцуш, дуьненан йист ца карош хьийзаш. ДIадаханарг?..

ДIадахнарг бералла ю. И самукъне бералла а сан иэсехь Iийжаме даI хилла, дахаран хIора мIаьрго лазамах юьзна, цхьабосса ирсе а, балане а дагалецам а хилла ехаш ю-кх. ТIехиндерг?.. ТIехиндерг къаналла ю. Иза а, шен хьаьвзинчу букъ-даьIахкаца, бос байначу бIаьргашца, шена тIебогIург бен кхин сан некъ боцийла хууш, ямартлонца лаьцна къиза Iазап долон дагахь велакъежаш волу чаьлтанч а хилла соьга хьоьжуш Iаш ю-кх. Дисинарг хIун ду ткъа хIинцалера сан дахар а оьгIазе самукъадаьллачу шовкъехь диканний, вонний юккъехь сецначу йилбазан хелхарх тера хилча? Сан хиллачу дегалехамех, лаамех дисинарш IиндагIаш бен ца хилча?.. Хьо оьшуш хилар, хьоьга болу сатийсам бу-кх. Ахьа делла ирс а, лазам а бу-кх. Кху хийрачу, сайн доцучу дуьненахь, хийрачу дахаро йийсар динчу суна а, сан дегIо йийсар динчу сан синна а, шийлачу тIулгана божа меттиг санна, тIам бойначу лечанна сийна лакхе санна хьо оьшуш хилар ду-кх дисинарг. Ткъа хьо?.. Хьо мичахь ю? Хьом –м адамашна керла къинош а дохьуш сирла де тIедогIуш, ша къинойх цIандан ца кхиъна синош Деле а доьхуш дIайоьду бодане буьйса санна цхьа тийна, гIийлачу боларца дIаяха. Хьо стенга йоьду, соьгара хIун гIалат даьлла йоьду ца олуш дIаяха хьо-м, юха ца хьожуш, я лар ца юьтуш…Ас лехнера хьо… Ас лоьху хьо сайн йолун дела. Азаллехь синош кхуллуш Дала хьо сайна елла йолун дела. Сан гIайгIа а, лазам а, ирс а, бала а соьца боькъуш, со Iожалний, дахарний юккъехь сецийнарг хьо йолун дела, хьоьца бен суо ван а воцу дела. Сел курачу, паналле кхийдачу сан синна хьо езна дела лоьху-кх ас хьо. Суна чIогIа оьшу хьо. Цкъа а ца эшначу кепара оьшу хьо суна хIинца, амма кура-м хьо а ю. Цкъа дIайирзича юха ца ерззал кура ма ю хьо. Ахь суна хьо дIайоьдуш я баркалла а, я неIалт а ма ца элира, иштта яьлла дIаяхара-кх, дIаяха ца лууш санна, гIийлачу боларца, лар а ца юьтуш. Суна лан хала долу дахаран олаллий, Iожаллин кураллий, беза лазаммий-м битира ахьа. Амма кхин хIума-м дацара, беккъа цхьа сатийсам боцург. Сел езаш, хьо хиларах воккхавевеш тIеэцнера ас хьо. Хьо а ма яра соьца бертахь. Сох баккха бехк болуш ма ца яха хьо дIа. Дуьххьал дIа кху хийрачу дахаран къизачу гIиллакхаша ца юьтуш яха-кх… Хьуна хьайна а ма ца хаьара хьо стенга йоьду я хIунда йоьду. Делахь а хьо дIа-м яхара, дIаяйра-кх боданехь, бIарлагIа санна. Хьох баккха бехк болуш со-м ву. Суна хьо оьшийла хуушшехь, хьох ваьлча со а, сох яьлча хьо а мегар доцийла хьайна хуушшехь дIаяхана лелачу хьох бехк боккху ас. Бовхачу малха кIел хьийзачу кху шийлачу дуьненахь хьо боцург синхьаам бацар-кх сан, хьоьга бен сатийсам бацар-кх сан. Мичахь ю хьо? Лахахьа со. Заманна архаш а туьйсуш, дуьне гIулчашца дуста а дустуш, гIелделлачу боларца дахаран некъаш а гездеш воьдург со ву хьуна… Къиноша гIелвинарг со ву хьуна… Вевзар ву хьуна… Мичахь ю хьо?.. Лахахьа со, хIай сан гIийла Цхьалла…

________________________

*ЦIен мера ваккхар – чIирна дуьхьал вен билгалваьккхинарг.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин. Главное за день


Спорт в России и мире
Москва

Среди сотрудников уголовно-исполнительной системы Республики Дагестан определили лучшего гроссмейстера


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Теннисистка из Пятигорска вышла в четвёртый круг турнира Большого шлема


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Бережем нашу природу: какие экологические проекты реализуются в Москве





Путин в России и мире
Москва

LIVE: Путин проводит встречу с постоянными членами Совбеза России


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Генерал КГБ»: Лукашенко на закрытом совещании объявил, что скоро вступит в войну




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский признал, что у солдат ВСУ едет крыша, и попросил "психиатрического подкрепления"


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Полина Гагарина

Полина Гагарина заявила о победе над Ольгой Кормухиной по обвинению в плагиате песни



Москва

"МК" назвал популярные способы обмана туристов на курортах России

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net