Испанера турист кIелхьарваьккхина ГIалгIайчуьрчу бахархоша
Арахь 25 градус шийла ю бахарх а, цуьнан ойла юхаерзон аьтто ца белла гIалгIайн.
ШолгIачу дийнахь турист лаха тIаьхьа бахана уьш. Церан сагаттадар эрна а ца хилла. Деккъа ло тIе йоьгIначу четар чохь Iуьллуш карийна царна Андерсон, шелоно гIора а вина.
Катоьхна гIаларчу лоьрашна тIе а кхачийна, хьешан-цIийне вигина цара турист. Дахначу кIирандийнахь "Mash" агенталло Iорабаккхалц, кегийчу нехан хьуьнар диссина тидам а боцуш.
