Нохчийчуьра кхелхина бахначу гIалгIаша кхайкхамбина Москохе (видео)
"ХIокху цхьана шерачохь оха, ца девлла кхелхина дахна долчу, дукха бахьанаш лелийна, орца ца доьхуш цхьа инстанци ца йисина. ХIетте а тхан проблема юьсуш ю", - дуьйцу латкъамхоша.
Ца бевлла шайн хIусамех хаьддачара бахарехь, бIеннашкахь доьзалш бу тховкIело йоцуш бала ловш. Ткъа ГIалгIайчоьнан Iедалхоша шаьш проблема ерзийна аьлла, дIакхайкхийна.
МухIажирийн сингаттамах дукха дийцира федералан дискуссин майданашкахь, 2013-чу шарахь президентна Путин Владимирна хьалха а цхьана хьахийра.
"Со кхетта, бакъдерг аьлча, цигахь хIинца а проблемаш ю аьлла суна ца хетара", - жоп деллера президенто. Ткъа мухIажирийн хаттап диллина ду цул тIаьхьа пхи шо даьлча а.
Кхин цкъа а шайн сингаттамах карладаккха федералан центре кхайкхамбина Нохчийчуьра ГIалгIайчу кхелхина баьхкинчара. Шаьш кийча ду аьлла цара, Москох дIа а дахна, цигахь латта, шайн проблемех йист яккхалц.
