Каддафи а, Саддам а шен турпалхой бу аьлла нохчийн министро Умаровс
"Тахана дийна боцчу цу лидерех ас язйинчу постна бухахь йитина комментареш бахьана долуш, суна со декхаре хийтира цхьацца хIуманна шу тIекхион, - яздо министро инстаграмехь. – Cайн турпалхойн, Хьусайн Саддаман а, Каддафи Муаммаран а ишта инзаре чаккхе хилар дацара сан йозанийн коьрта маьIна, со шу кхето гIертара, сан доттагIий, ас буьйцург я бух а, я маьIна а доцуш, царна бина инзаре тешнабехк бу".
Умаров цецвохург ду, цо ша бахарехь, "хьо хьийзош а воццушехь, хьайна кхийдош боккха кхаъ а боццушехь", тешнабехк беш хилар.
