Тбилисехь мацалла хоьгуш ву Гамсахурдиян ши кIант
Гуьржийчоьнан хиллачу президентан Гамсахурдия Звиалан воккхаха волчу шина кIанта ГамсахурдиягIар Константина а, Цотнес а мацалла хьехар долийна Тбилисехь инарлин прократуран фойехь. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Гуьржийчуьрчу корреспонденто.
Цу шиммо доьхург ду 1993-чу шарахь ГIуран-баттахь шайн да вер хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долор. И акци йоьзна ю кху деношкахь Гамсахурдия кхелхина 25 шо кхарца.