Журналист верна жоьпалла СаIудийн принцана тIедиллина Iамеркан Сенато
Журналист Хашогги Джамал верна жоьпалла СаIудин Iаьрбийн Пачхьалкхан принцана бин Салман Мохьаммедна тIедуьллуш резолюци тIеэцна Iамеркан Сенато. Цуьнан авторша кхайкхам бина Эр-Рияде журналист вийнарш берш жоьпе озор доьхуш.
Еарин дийнахь Iамеркан сенаторша резолюци тIеийцира, Йеменан Iедалшна хуситийн тобанца къийсам латто гIо дечу СаIудийн пачхьалкхана а, цуьнан бертахошна а гIо дар сацорах лаьцна.
Сенато тIеэцна резолюци яц низаман статус йолуш.