Мутко Виталийгара бехкбаьккхина Кадыровс
Социалан машанашкахь видео яьржина, Нохчийчонан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехкбоккхуш Оьрсийчоьнан вице-премьер волчу Мутко Виталийгара. Бахьана ду - Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш хIоттийначу бараме иза цавар. "Инвестируй Каквказ" бизнес-форум йоьдучу юкъанна дина ду цо и дIахьедар.
Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран 200 шо кхачар даздар Оьрсийчоьнан президенто тIечIагIдина дара, вице-премьер Мутко Виталий оргкомитетан куьйгалле а хIоттош. ХIетте а хIоттийначу тойне ца веана ша Мутко аьлла, шен резавацар дIахаийтина Кадыровс.
"Iаьрбийн Эмираташкара, Азербайджанера, Белоруссера, Урдунера министраш а цхьана баьхкинера Соьлжа-ГIала. Доллу дуьненчуьра делегацеш яра. Ткъа регионийн куратор а, оргкомитетан куьйгалхо а хилла Мутко ца веана. СадаIа вахна иза кхечу махка. Тхо долчахь а ма ю садаIа дукха дика меттигаш. Оха стол хIоттор яра цунна, исбаьхьа меттигаш а гойтур яра", - боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Бизнес-сессин декъахой гIо дакхха гIоьртинера Мутко Виталийгахьа, кечамбеш доккха дакъа лаьцна цо, цундела лаккхарчу тIегIанехь барам дIа а баьхьна аьлла.
"ТIехь контрол латтор ша ду. Суна хаьа, шун дика юкъаметтигаш юйла Муткоца. Суна ца лаьа шу цунна адвокаташ хIитта. Иза Нохчийчу ван декхар вара", -аьлла Кадыровс.
Иштта цо билгалдаьккхина, Соьлжа-ГIалин 200 кхачарна лерина бечу кечамашкахь цуьнан дакъа ца хилар а.
"Муткос хIун дина? ГIалин денна лерина оха 500 цIа юхаметтахIоттийна, проспекташ тойина, 200 хIусам дIасаекъна мискачу нахана. Суна ца го цуьнан дакъа. Мутко Виталий авторитет йолуш стаг ву, шех жоп а цо ша лур ду. Амма регионна дика дац цо букъбеттар - даим а соьца гIортина хир волуш ву иза",-аьлла, дIахадийна нохчийн куьйгалхочо.