Закъалтхой байина даIишхойн хьалханча вийна Шемахь
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Коалицин куьйгаллийца кIирандийнахь кеманашца динчу тохаршкахь вийна Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан цхьахволу лидер. Reuters агенталло бо и хаам, Вашингтонерчу администрацин векалан информацина тIе а тевжаш.
Цо бахарехь, вийнарг ву Ал-Iумарайн Абу. Шайлахь Iамеркахо Кассиг Питер а волуш, байинчу закъалтхойх жоьпалла цунна тIехь дара.
ТIаьххьарчу кхаа шерачохь даIишхойн карара яьлла цара дIалаьцна лаьттина территори. Ишта схьаяьккхина цаьргара Шеман Ракка а, Иракъан Мосул а. Iамеркан Коалицино дечу тохаршца маьршаяьхнера и гIаланаш.