Некъахьовзаман сурт хIоттийна 400 эзар сом эцна Нохчийчуьрчу вахархочо
Талламан комитетан меттигерчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Porsche Cayenne Turbo машенан долахо волчу стага а, цунна вевзаш волчу ВАЗ-21104 машенан долахочо а Теркйистан кIоштахь сурт хIоттийна хилла шаьшшина машенаш тIеттIакхетта аьлла. Цунах лаьцна яздо "Обзор" сайто.
Низамашца а догIуш, цу тайпа харцо лелийначунна 300 эзар сом барамехь гIуда тохар догIу я машен лело бакъо дIаяккхар догIу 4 шаранна.
