Нохчийчохь толлуш ду Соьлж-ГIалахь полицин постана уллехь зуда эккхар
Талламхошна мила ю хиъна Iожалхо. Иза ю 25 шо долу Адыгейн дуьненчу яьлла Спиридонова Карина. Цу зудчуьнан регистраци хилла Челябинскан махкахь, тIаьхьарчу хенахь иза ехаш хилла Дагестанехь.
Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштахь полицин постана уллехь зуда эккхарх лаьцна хаам бинера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Алаудинов Аптис.
Жима зуда елла, кхина вийна а, лазийна а стаг вац.
