Дахдина Тухуговна UFC-хь латар дехкар
Тухуговн гIуллакх а, ткъа иштта кхин а шина декъашхочуьнан - Нурмагомедов Абубакаран а, Дэнисан а - гIуллакхаш а луьстур ду кхушара ГIура-баттахь я 2019-чу шеран Дечкен-баттахь, хаам бина РИА Новости агенталло.
Нурмагомедов Абубакарна дуьхьал таллам болийна октагонехь къепедацарш хилча Макгрегорх латарна. Тухугов бехке веш ву бакъо йоцуш октагона чуваларна а, Макгрегорна цкъа тохарна а.
Макгрегоран тобанера Дэнис бехке веш ву Нурмагомедов Хьабиб девнна тIехьехарна а, оьзда йоцу ишарш ярна а, хаам бо MMA Junkle сайто.
