Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Шен боцу бала эцна Путин волчу

0
 


Чохь бохку террористаш, кхечу тутмакхех дIа а къестийна, шаьш кхаба беза набахтешкахь, аьлла …Дагестанерчу харжамийн кхеташонан куьйгалхочо Дибиров Мохьмада. Хьаькамо иза социалан машанашкахь яздина хилча, дуьсур дара тергамза, амма цо иза аьлла Путине, Кремлехь, харжамийн ситемин 25 шо кхачар даздечохь.


​Мехкийн харжамийн кхеташонхоша ден къамел юхьанца кхин дара: муха хазлуш бу шо шаре мел долу харжамийн барамаш.


Амма эццахь Харжамийн Коьртачу Кхеташонан куьйгалхочо Памфилова Эллас дош ала дийхира Дибировга, "Дагестанехь хьалхо яккхий проблемаш хилла хиларна".


Оьрсийчоьнан президент хоржучу муьрехь Дагестанерчу еа харжамийн хIусамехь бина болх харц лерира, ткъа 21 харжамийн гонан хьаькам дIаваьккхира даржера.


"Сан хьоьга боцца аналитикан хаам бан а дийзира оцу хьокъехь, чIогIа хала дара. Лаьара Магомед Тагировича хуьлуш лаьттачу хийцамех дош олийла", йистхилира Путине Памфилова.


Амма Дибировс юьстах йитира харжамийн тема – цхьанненна а дагахь а доцуш, велира …ДАIИШ йийца, дийхира Путине, террорна бехке а бина, набахтешкахь кхобу нах кхечу тутмакашна гена бахар.


"И зуламе организаци Шемин лаьтта тIехь хIаллакйинехь а, цуьнан декъахь лелларш бу вайн пачхьалкхе юхабогIуш, нийса ду уьш набахтешка хьийсор. Ткъа нийса дац и нах кхечу зуламашна чубоьхкинчаьрца цхьаьна кхабар, цара шайн зуламе, вайн юкъараллина товш йоцу ойланаш яржайо", дIахьедира Дибировс.


Ишта хенаш тоьхна нах шаьш баьхна латто беза набахтешкахь, элира Дагестанан харжамийн кхеташонан куьйгалхочо. Амма дош а ца хазийра Памфиловас аьллачун лорах, ца дийцира, шаьш долчохь харжамаш боьлхуш стенна лелайо харцонаш.


Муха хилира Путинан реакци?


Официало ярахецначу стенограммо гайтарехь, Путина хIумма а ца аьлла. Я стенограмма язъечарна дош ца хетта хила а тарло Дибировс аьлларг.


Шайн махкахочо аьлларг, бакъду, хезна Дагестанна. Иза цецъяьлла Iа, стенгахь ву шен харжамийн кхеташонан хьаькам ,ткъа  стенгахь ю терроризм, бохуш.


Дибировна тIетайна махкарчу антитерроран комиссин буьйранча Абдуллаев Мурад. И тешна ву, набахтеш "харц-дин даржо аьтто болуш, шаьш къаьстина меттигаш" хиларх. Бакъду, иза кхета "террорхошна шайнна набахтеш яхка атта доцийла, ахча оьшийла".


Дагестанерчу набахтешна тIехьожучу кхеташонан куьйгалхочо Гаджиев Мохьмада эрна ду боху Шемара юхабаьхкина, хIинца чохь бохку кегийнах шаьш бахар, "цара, шайна эшна меттиг еъча, мел къора пенаш а къардо". Цунна гарехь, Iедало кхетош-кхиоран болх шорбан беза, декъа Iеламчаш а балош.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net