Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2018

"Дена а, нанна а муьтIахь верг ву-кх патриот!"

0
Ерриге Оьрсийчохь санна Нохийчохь а болабелла патриоташ кхиоран бутт. Иштта олу 30 дийнахь массо а ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а дIахьочу цу хьехамах.


Дакъалоцуш хуьлу республикан юкъараллин хIусамера белхахой а, цхьацца тIеман ветеранаш а,махкахь бевза кхиболу нах а болуш. Цара берашка дуьйцу пачхьалкхана гергахь царна тIедужу декхарх.


Оршотдийнахь тIекхуьу чкъор кхето-кхиоран тоба яханера ТIехь-Мартан кIоштерчу цхьана ишколе.


ОвхIанистанехь а, кхечу тIеман конфликташкахь дакъалаьцначу ветеранаша а шайн дагалецамаш бийцина дешархошка бохуш, хаам бо Нохчийчоьнан официалан хаамийн гIирсаша.


Советан заманахь хилларг ду ишколашкахь бераш хье а деш, царна хьехамаш бар, аьлла хета Соьлж-гIаларчу вахархочунна Давлетмирзаев ШаIранина.


Ша дуьхьал вац цунна а, амма ден-ненан а дош дохош дуй те оцу хьехамаша бохуш, шеконца элира цо: "Берашна бен кхетош-кхиоран болх мел дукха хиларх новкъа бац. Хьалха вай санна дIааьлларг дIа а оьцуш дац бераш хIинца. Патриотийн кхетош-кхиоран болх цаьрца беш хилча новкъ бац-кх иза. Делахь а, шен дас-нанас деш долу хьехар охьатаIийна ду аьлла хета суна".


Берашна оьшуш ду аьлла ца хета 4 беран да волчу Сангариев Зиявдина, иштта тIехсов болу и хьехамаш, патриотийн муххале а. Ша хир волчух ишта а хир ву, воцург, ахь лалийна юхавича а хир вац, элира цо: "Берашка ишколашкахь дешийтичхьана тоьуш ма дуй. ЦIахь луш ма ду царна и хьехарш. Ткъа тIехсов иза дича дика ду аьлла ца хета суна. Цхьа а хIума а доцуш, шен къоман патриот ца вича а ша хир ву хинверг.


Итон-Кхелан кIоштан вахархочунна Тасуев Рахьманна хетарехь, патриот бохучу дешан кхин кхетам бу: "Шен дас-нанас аьлларг дийриг санна патриот хир вац. Дукха хIума хийцаделла вайн. Кху пачхьалкхехь а хийцаделла. Сталин хестор а дIадаьлла, иза а, важа а хилла. Цхьана хIуманна тIера схьа а эцна цуьнах пайда хир болуш хIума ца до-кх вай. Вайн лулахошна хуьлу вай боцучарна. Шен дас-нанас де аьлларг деш верг ву-кх патриот".


Нохчийчохь кегирхойн кхетош-кхиоран балхо дика жамIаш ло аьлла хета. ДIадаьлла ала мегар ду Iедалан дуьхьала хIума алар, ур-аттала могIарера критика яр а.


Иштта кхиочу берех кхана-лама дIахьажжийначохь чугIуртур болуш, лахь бала а, бисахь биса а дайна чкъор хила там бу.


 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net