Къилбаседа Кавказехь "Мемориал" ларъяр доьху бакъонашларъярхоша
Бакъонашларъярхоша доьху Титиев Оюбан гIуллакхах йиист яккхар а, «Мемориалан» офисашна ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а тIелатарш дар тидаме эцар а.
Царна хетарехь, низацамашца догIуш ду я дац къасто деза Нохчийчуьрчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а дина дIахьедарш. Цу шимма аьллера «Мемориалан» белхахой «халкъан мостагIий» бу аьлла, царна тницкъ бан безаш хилар а къадош.
