Хьаьж-Мурдан корта дIаболла беза, боху Соьлж-ГIалларчу конференцин декъашхоша
Имам Шемилан наиб хиллачу Хьаьж-Мурдан Петарбухехь музейхь латтон корта дIаболла беза аьлла, сацам бина Соьлж-ГIалахь хиллачу историн юкъараллан конференцин декъашхоша. «Къилбаседа Кавказерчу ламанхоша Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла чIагIдарехь лаьцна дакъа» цIе йолчу форумехь иза хьахийнарг вара Нохчийчоьнан Iилманан академин декъашхо Акаев Вахита.
Соьлж-ГIалара конференци вовшахтоьхначу Москохарчу «Ши корта болу аьрзо» юкъаралло бинчу кхайкхамца, Хьаьж-Мурдан корта дIаболларо гIо дийр ду оьрсийн а, нохчийн а хаьлкъашна юкъахь доттагIалла чIагIдарна.
Хьаьж-Мурдан корта дIаболла безаш хиларх лаьцна дуьйцу дуккха а хан ю. Стохка цу хаттарехула шена хетарг довзийтинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
«Ши корта болу аьрзо» цIе йолчу оьрсийн историн юкъараллан куьйгалхо ву бизнесхо Малофеев Константин.