Бомбанаш яр хьоьхуш материалаш карийна Интернетехь Нохчийчоьнан прокуратурана
"Теракташ ян Iалашонца пайдаэца тарло оцу инструкцех. Цул совнах, цу кепара информаци терроризмна пропаганда еш санна лору", - аьлла "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало.
Цо бахарехь, Соьлж-ГIаларчу кхеле искаш дIахьажийна пIераскандийнахь. Цара шайн таллам бинчул тIаьхьа интернет-провайдерша блок хIоттор ю оцу материалашна.
