Юсупов Iилман. Вовшашка хьошалгIа...
Вовшашка хьошалгIа неI тухий ца доьлху синош.
Седано, седане дош олий ца босту мотт.
Безамо дагардеш шен махкахь летийна къинош,
Хьесапе ца оьцу, къийлалуш, вай етта чот.
Ас хьуна диллина латтадо сайн деган кораш,
Хьо баттах таръелла царна чу кхетийта кIайн.
ХIетте а, син уьйтIахь шершадеш доIанийн нораш,
Ас къинойх дIацIанбо хьоь болу синхаам сайн…
