Машенахь воьдуш цигаьркийн юьхьигаш корехула аракхиссар дихкина Оьрсийчохь
Оьрсийчохь дихкина машенахь воьдуш цигаьркийн юьхигаш корехула аракхисса. Цунах лаьцна оьшуш болу хийцамш бина Iедалша цIе яларна дуьхьал режимаца йоьзначу бакъона тIехь.
Цу хьокъехь хаам зорбане баькхина министрийн кабинетан сайта тIехь. Цуьнца а догIуш, хIинца мегаш дац цIерпоштан некъа тIе а, машенахь воьдуш корехула а, ларйечу зонашкахь а, шелъяланза юкъ а, йогу цигаьркийн юьхьигаш а, дIаяйъаза сирнакаш а кхисса.
Машенахь воьдуш йогу цигаьркан юьхьиг корех аракхоьссинчунна гIуда тухур ду 2000 соьме кхаччалц барамехь.