Ленинан чалх лаьттах йолла еза аьлла сенаторо Морозовс
Ленин Владимир лаьттах волла хан тIекхаьчна аьлла, дIахьедар дина еарийдийнахь сенаторо Морозов Олега. Референдум а кхайкхийна, лерина низам тIеэца деза Мавзолейн статусех аьлла цо.
"Циггахь цуьнан чалх лаьтте а кховдийна, хIоллам хIотто оьшу иэсан а, маслаIатан а", аьлла сенаторо.
Ала деза, Ленин дIаволларх дийцарш ден дуккха а хан ю, амма хIинца а цхьабарт хилла, йит яьлла яц оцу гIуллакхан.
Хьалхо Кадыров Рамзана а аьллера: "Ас масийттазза баьхна Ленин дIаволла везаш хиларх. Ма-дарра аьлча, суна биен-башха а дац иза Мавзолей чохь Iилларх. Соьга хоьтту хетачух, цундела жоп ло ас", - аьлла цуьнан дешнаш далийнера "Интерфаксо".