ПIаьнказахь лоцуш лазийначу кIантана дозанал а арахьа дарба дайта сацам бина
ПIаьнказахь лерина операци дIахьочу хенахь лазийна 19 шо долу Мачаликашвили Тамирлан Гуьржийчуьрчу клиникера ара а ваьккхина кхечу пачхьалкхе дарбанна дIавигийта сацам бина аьлла, хаамбо "Грузия онлайн" хаамийн гIирсо.
Архангел Михаилан цIарахчу клиникан профессоро Лурсманашвили Зазас дIахьедина: "Телефонехула зIе хилла тхан, цуьнан могушалла кхерамечу хьолехь хилар тергоне а эцна, оха сацам бина дозанал а арахьа дарбан клинике дIавигийта. Цкъа хьалха цуьнан могушаллех документаци дIатосур ю оха, цул тIаьхьа дехьавоккхур ву иза ша а".
Байначу беттан 26-чохь Мачаликашвили Тамирланна коьртах а, белшах а герз кхеттера ПIаьнказахь иза лоцучу хенахь.