Аушев Русланан гергарчо лай вина, вацийна ша аьлла Пензерчу вахархочо
Бакъонашларъяран "Альтернатива" боламан волонтераша хааме даьккхина, ГIалгIайчохь бартаза вацош хилла Пензера Куприянов Михаил шаьш кIелхьарваккхарх. Куприяновс чIагIдо, ГIалгIайчоьнан хиллачу президентан Аушев Русланан гергарчу Руслан цIе йолчу стага мацалла а, хьогалла а хьоьгуьйтуш ша лаьмнашкахь масийтта баттахь вацийра бохуш. Жимчу стага дийцарехь, цхьана сайтехь йоI евзина хилла цунна. Цо шена вевзачу стагехула ГIалгIайчохь болх лехна хилла кхунна. "Со цига дIакхаьчча, Руслан цIе йолчу стага вузийра со, цигахь буьйса а яьккхира ас. Читать дальше...