Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 31.08.2018

Хасу-Юртахь барт бира…

Radiomarsho.com 

1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира нохчий эскаран буьйранчас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а. Махкара арадаха сацийра Оьрсийчоьнан эскарш.

Нохчийчохь бакъонаш хьешарх Оьрсийчоьне жоп дехна ОБСЕ-н 15 пачхьалкхо

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь бакъонаш ларъеш ца хиларан хьал нисдан Оьрсийчоьнна я ца лаьа, я гунахь яц иза и проблема ерзо аьлла, дIахьедина ОБСЕ-н 15 пачхьалкхо, гергарчу иттех деношкахь шаьш динчу гIуллакхех хаийтар тIе а дожош. Къилбаседа Кавказехь нах идор, царна тIехь къизаллаш лелор талларехь Iитталучу проблемех Оьрсийчоьне дIахаийтира ООН-о. ОБСЕ-н 15 пачхьалкхан цIарах хIоттийначу кехат тIехь шаьш саготта хилар дIахаитийна,  Нохчийчохь гейш бу аьлла, шеконашца  дIалоьцуш, Iазапаш латтош, бойуш хиларна.... Читать дальше...



Нохчийчохь хьалхара тIом бирзина - 22 шо

Radiomarsho.com 

1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира нохчий эскаран буьйранчас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а. Оцу документна куьйгяздинчул тIаьхьа официалехь дIакхайкхийра Нохчийчохь хьалхара тIом бирзина хиларх.

Вежаршна юкъара доза

Radiomarsho.com 

Нохчашний, гIалгIашний юкъа цим тосу къовсам болийна социалан машанашкарчу жигархоша шина мехкан дозанца некъ билла болор бахьанехь Дозанехь некъ билла болийнарг ю Нохчийчоь. Цхьа зама хьалха кIоштан шахьара лаьттинчу ГIаланчIож-Терхи юьртара Ялхара хьош бу иза, кхидIа, гарехь, чекхбала беза орстхойн махкахула. Нохчийн агIоно чIагIдарехь, тесна йисина меттигаш самаяхархьама, нахана дIакхача аьтто беш, буьллуш бу некъ. Амма болийначу балхо саготта бина ГIалгIайчуьра цхьаболу бахархой. Царна хетарехь, лулахой "катухуш бу" шайн доцчу латтанех.

Боснин, Герцеговинан Iедалша Оьрсийчоьне дIалуш ву нохчо

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь ваьхна 24 шо долу нохчо Алтамиров Ахьмад Оьрсийчоьне дIавала сацамбина Боснин, Герцеговинан юстицин министралло. Иза бехкево Шемарчу даIишхойн могIаршкахь латтарна аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале Европан кхелехь Алтамировн интересаш Iалашъечу адвокато Оболенец Алексейс. Цо бахарехь, 2013-чу шарахь Оьрсийчуьра араваьлла Алтамиров Истанбулехь дIатарвелира. Цигахь цхьаннан доларчу компанехь белхаш беш хилла ву иза. Стохка бIаьста Сараево веанчахь дIалаьцнера Алтамиров Интерполехула лоьхуш ву аьлла. Читать дальше...

Росгвардехь керла хьаькам хIоттийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Росгвардин полицех йоцчу ха дечу урхаллан куьйгалле хIоттийна мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан юьртахо, 46 що долу полицин полковник Эдилов Рамзан. Нохчийчохь дIахIоьттина даьлла даржашка Кадыровн гергара я цуьнан уллорчу гонера нах хIиттор. Масала, кху беттан 20-чохь Кадыровн юьртахо, 34 шо долу Алханов Артур Устрада гIаларчу полисхойн декъан хьаькам дIахIоттийра. Ткъа яхначу гурахь Соьлжа-ГIаларчу полицин декъан куьйгаллехь Кадыров Хас-Мохьмад чIагIвира. Некъан полицин урхаллан... Читать дальше...

Омскерчу набахтехь къизаллаш лелор толлуш ду

Radiomarsho.com 

Омскерчу колонехь шена тIехь къизаллаш лелорах Бисултанов Малхос дина арз толлуш ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетехь. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам цуьнан адвокато Гончарова Верас. "Сан искца къизаллаш лелорна бехкзуламан гIуллакх ца доьллуш бина сацам юхабаьккхира. ХIинца юха а оцу гIуллакхна гонах талламаш болийна", - аьлла Гончаровас. ТаIзарш кхочушдаран системан кхечу декъе дехьаваьккхина Бисултанов цунна тIехь ницкьбинчу набахтера аьлла, билгалдаьккхина адвокато. Иштта цо бахарехь... Читать дальше...



Уггар а тийналлин шахьара - Соьлжа - гIала

Radiomarsho.com 

Ара-чу ца баккхалун бахам бухкучу Domofond.ru порталан аналитикаша къастийна уггар а тапъяьлла тийна йолу 150 гIала. Рейтинган хьалхарчу могIарехь Ставрополан кIоштара Невинномысск ю, шолгIа къастийна Калуган кIоштара Обнинск, кхолгIа позици дIалаьцна Соьлжа-ГIалано. Пачхьалкхехь уггар а гIовгIанечу гIаланашлахь ю Серпухов а, Клин а гIаланаш. Стохка Iай Iер-вахаран аьттонаш болчу гIаланийн цIераш Iораехира. ХIетахь шолгIачу меттигехь билгалъяьккхира Соьлжа-ГIала.

Экстремизме посташ, репосташ йинчунна таIзар догIу аьлла бинчу хаттамахь

Radiomarsho.com 

Экстремизме лерина, я дин бехдеш социалан машанашкахь зорбане йохучу материалех жоьпалла тIедожийна ца Iаш, царна репост йинарг а таIзаре хIотто веза аьлла Оьрсийчуьрчу 55 процент бахархоша. "Юкъараллана хетарг" Фондо (ФОМ) далийна и терахьаш. Информаци яржоро доккха зен дохьу аьлла хета респонденташна. 23 проценто шаьш дуьхаьл ду аьлла репост йинчунна таIзар дарна. Дала жоп дац шайн аьлла 22 процент бахархоша. ФОМ-ан хеттаршкахь дакъалаьцна 53 регионашкарчу 104 кIоштийн 1500 стага. ХIора 3-чо, ша пайда ца оьцу аьлла социалан машанех. Читать дальше...

Бер школе дохуьйтуш дайина ахча дагардина

Radiomarsho.com 

Юккъерчу барамехь 21 эзар гергга сом ахча оьшу Оьрсийчоьнан бахархошна бераш школе дахийта. Юкъараллана хетарг толлучу ерриг Оьрсийчоьнан центро (ВЦИОМ) бина таллам, яздо "Керланаш" агенталло. 10 эзар 196 сом дIадоьду духар оьцуш. 2, 5 эзар сом оьшу тIоьрмиг, дешаран гIирс а эца. Телефонехула хеттарш а деш, 1,6 эзар бахархошлахь дIабаьхьна "ВЦИОМ-Спутник" таллам оршотдийнахь. Кхааридийнахь хаамашкахь яздира, Оьрсийчохь 51 процент бахархойн аьттонаш цахиларх бераш школе кечдан.

Мохьмад Пайхамарна карикатураш йохкуш конкурс юкъахъяьккхина

Radiomarsho.com 

Шена кхерамаш тийсинчул тIахьа хьалхо ша кхайкхийна хилла Мохьмад Пайхамарна карикатураш йохкуш конкурс юхаяьккхина Нидерландийн парламентан депутато Вилдерс Герта. "ЦIий Iанорца, фетвашца, тIехь ницкъбарца  кхерамаш а туьйсуш, юха а Исламо шен юьхь гайти. Делахь а, сайн махкахойн кхерамзалла суна хьалхарчу меттигехь ю", - аьлла, яздина Вилдерса Твиттерехь. Лахьан-баттахь дIаяхьа кхайкхийнера маршонан Партин офисехь Мохьмад Пайхамарна карикатураш йохку конкурс. Тоьллачунна дала дIахьединера 10 эзар доллар. Читать дальше...

Муха бов нах Нохчийчохь?

Radiomarsho.com 

Махкахь нах доьза бов бохуш яржаен информаци питана ду, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Халкъан мостагIийн могIара хIиттийна цо шен къамелехь бакъоларъярхой. Муха, стенна бовш бу "уггаре маьршачу" регионехь нах, теллира Маршо Радион «Настоящее Время» ("Карара Хан") проекто.

Дешархошна тIехь терго латто еза аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Дешархошна тIехь Iуналла латто деза аьлла, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедарна саготта бу махкахой, яздо "Кавказан узел" агенталло. Полисхошна кхиазхоша тIелатар динчул тIаьхьа, хьаькамашна омра делла цо, дешархойн а, студентийн а хьежамех информаци гулъе аьлла. Массо  а декъахь берашна а, кегийрхошна а тIаьхьабевлла лелар лору бахархоша юкъадаккха леринарг. Нохчийчохь полисхошна цхьа могIа тIелатарш динчул тIаьхьа, кху беттан 22-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIакхайкхийра, "берех даьллачух жоьпалла дена а... Читать дальше...

Нохчийчохь къайлах беха нах арабаьхна пурстоьпаша

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпаша Узбекистанера баьхкина, къайлахчу хьолехь бехаш хилла нах лецна Шелковск кIоштахь рейдаш дIахьочу юкъанна. Карахь цхьана а кепара кехат доцуш, низам дохийна вехаш хилла Нохчийчохь пхи узбекхо. Административан бакъо йохорна уьш бехке а бина, 2 эзар сом гIуда а хьарчийна, Москох доьдучу кеман тIехь "Внуково" аэропорте кхачийна уьш, цигара дIа шайн даймахка дIабахийтина.

Спорт в России и мире
Москва

Результаты забега на 5 км на Московском полумарафоне. Аплачкина и Голоктионов установили рекорды соревнований


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Россиянка Андреева стала рекордсменкой на турнирах WTA-1000


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

В Москве прошел ливень «летней интенсивности»





Путин в России и мире
Москва

Politico: Россия проиграет войну с НАТО, предупреждает Польша (Topmember)


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



НОПРИЗ

Башкирские проекты победили в Международном профессиональном конкурсе НОПРИЗ на лучший проект – 2023



Москва

Фигуристка из Карелии заняла первое место на всероссийских соревнованиях

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net