Бехктакхаман гIуллакх долийна Италин министрна дуьхьал
Италин Iедалша кIирандийнахь бакъо елла Сицилерчу Катания гIалан портехь лаьттачу Diciotti хIордан кемана тIера охьабисса Африкерчу пачхьалкхарчу мухIажирашна. Иза хилла, Католикийн Килс а, Албанин а, Ирландин а Iедалш а мухIажираш тIеэца реза хиллачул тIаьхьа. Пхеъа дийнахь сов и нах латтийра кемана тIехь Италин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Салвини Маттеос. Сальвини ву "Лига" олучу мухIажирашна дуьхьал яьллачу популистийн партин векал. Цо чIагIдора, цкъа дуьххьара кхечу пачхьалкхаша дош дала деза и нах шаьш тIелоцур бу аьлла, бохуш. Читать дальше...