Набахтера араваьккхина вац Сенцов
Оьрсийчохь хан тоьхна Украинан режиссер Сенцов Олег ша волчу Лабытнангерчу колонера араваьлла вац аьлла, хаамбина таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалло (ФСИН). Шоьтан буса зорбанашкахь хаам баржийра, Сенцов колонера ара а ваьккхина, Салехардера доьдучу кеман тIе хиина аьлла. Журналисто Ивлева Викторияс шен Фейсбукерчу пена тIехь бинчу хаамна тIе а тевжина, яржийра информаци хаамийн гIирсаша. Сенцовна гIо латточу кампанехь ю Ивлева. ТIаьхьо шен кхи информаци яц аьлла, яздира журналисто. Читать дальше...