Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 30.08.2018

Букъа тIе кхехка хи а детташ. Полисхошна ечу кхелера

Radiomarsho.com 

Вольтская Татьяна Полицино стагна тIехь Iазап даллор толлуш ю Питерера кхел. Новский кIоштарчу 70-чу полицин декъехь ялхаммо, букъ тIе кхехка хи а дуьттуш, дегIа тIе цигаьрка а Iуьттуш, хьийзийна шаьш букмекеран контора толлуш лаьцна вигинарг. И тайпа зуламаш наггахь бен ца кхочу Оьрсийчохь кхеле. Бакъду, хIара а дац "таIзар дар" цIе йолчуш толлуш - даржо лучу бакъонел совбовларна бехкебо талламо полисхой. Кхеле ийзийнарш бу полицин декъан буьйранчин гIовс Морозов Артем, цуьнан бехлхан накъостий-эпсарш Барашков Андрей... Читать дальше...

Реза буй нах Путина йинчу пенсин реформана?

Radiomarsho.com 

Кхааридийнахь телевизионехь пенсин реформех вистхилла Оьрсийчоьнан президент. Тахана долчу низамашца, зударийн болх бан йиш ю 60 шо кхаччалц. Божарийн пенси боьлху хан 65 шо кхаьчча магош ю.



Тахана – байна нах дагалоцу Де ду

Radiomarsho.com 

Марсхьокху-беттан 30 де байна нах дагалоцу дуьненаюкъара де лору Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино. Нохчийчоьнан бахархоша тахана лохуш ву доьза вайна 3000 стаг. Церан могIарш бузуш лаьтта денна а.

Кобзон Иосиф кхелхина Москох

Radiomarsho.com 

Еаридийнахь кхелхина Оьрсийчоьнан халкъан иллиалархо, 80 шо долу Кобзон Иосиф аьлла, хаам баржийна kp.ru сайто Твиттерехь. 2005-чу шарахь дуьйнна цIе ца йоккхучу лазарца къийсам латтош вара артист. Иза масситтаза хилира Донбассерчу сепаратисташца юкъарло лелош, концерташца цига вахана.  2016-чу шарахь Оьрсийчоьнан културин 140 гIуллакххочунна Украине некъ бихкира пачхьалкхан кхерамзаллин хьукмато. Цу тептарехь вара Кобзон Иосиф а. Еаридийнахь кхелхина Оьрсийчоьнан халкъан иллиалархо, 80 шо долу Кобзон Иосиф аьлла... Читать дальше...

Reuters: Асадан эскарш Идлибна тIелата кечлуш ду

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Малхбузерчу Шеман Идлиб провинци схьаяккха тIелатаршна кечамаш беш ду президентан Асад Башаран эскарш. Reuters агенталло дIахьедина цунах лаьцна, шайн хьостех пайда а оьцуш. Маца тIелата дагахь бу, къастаза ду. Дуьненаюкъарчу хIордан йистошкахь Асадан коьртачу бартхочо - Оьрсийчоьно шен тIеман кеманийн тобанаш чIагIйина аьлла, даьржира кху кIиран юьххьехь. Reuters агенталло хаамбарехь, карарчу заманчохь Идлибна шен тIелатарх Туркойчоьнца дийцаредеш ю Оьрсийчоь. Оцу првинцерчу тобанийн цхьана декъехьа ю Хонкара. Читать дальше...

ООН-о сагатдо тутмакхна Сенцовна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно терроризмна бехке а вина, чохь латточу Украинан режиссеран Сенцов Олеган могушаллина сагатдо ООН-ан Инарла секретаро Гутерриш Антониуса, хаамбо ООН-ан официалан векало Дюжаррик Стефана. 108 де ду тутмакхо мацаллин протест кхайкхийна. Ши кIира хьалха ООН-ан эксперташа кхайкхамбира Оьрсийчоьне, катоьхна иза маьршаваккхар тIедожош. Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдеш хилла аьлла, набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна украинхойн режиссерна Сенцов Олегна. Бехкаш тIе ца лоцу Сенцовс. Стигалкъекъа-беттан... Читать дальше...

Царнаев ЖовхIаран доттагI Iамеркара аравоккхуш ву

Radiomarsho.com 

2013-чу ушарахь Бостонехь марафонехь эккхийтар дина, Царнаев ЖовхIарца цхьана дешна хилла цуьнан доттагI Кадырбаев Диас набахтера ара а ваьккхина, Iамеркара Казахстане дIавахийта кечвеш ву аьлла, хааме даьккхина Fox News хьостано. Бостонехь теракт дина аьлла, бехкевинера хIинца 24 шо долу Кадырбаев. ФБР-о вежарий ЦарнаевгIар Тамерлан а, ЖовхIар а лехамашка веллачул тIаьхьа, цаьрца зIенехь хилла Кадырбаев, амма полицига хаамбина ца хиллера. Царнаевн дехарца Кадырбаевс а, цуьнан накъосто а оьккхуьйтург а... Читать дальше...



Сунжа кIоштахь керла префект хIоттийна

Radiomarsho.com 

Сунжа кIоштан администрацин куьйгалхо хийцина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Терхоев Назарбека дIалеци префектан дарж. "Дуккха а шерашкахь Ассиновскан юьртда лаьттина ву Терхоев. Шена тIедехкинчу декхаршца кхиамца ларош вара иза. Цул совнах, Кадыров Ахьмадан мидалца совгIат дина цунна. Со тешна ву, керлачу даржехь а иза ларор ву аьлла", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

Гавел Вацлаван цIарах совгIат дийр ду Титиев Аюбна

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб Европан Кхеташоно дIасадоькъучу Гавел Вацлаван цIарах преми дала хьалхатеттина, цо бакъонашларъяран сферехь бина болх бахьанехь. Иза воцург а, совгIатдан хьакъ ю аьлла, билгалъяьккхина Кубера бакъонашларъярхо Пайя Роса Мария а, лаьцна латтош волу Бахрейнера бакъонашларъярхо Раджаб Набиль а. ГIадужу-беттан 8-чохь кхайкхор йолуш ю тоьллачийн цIераш. 60 эзар еврон барамехь ахчанаш оьцур ду цара.

Политковская Аннин 60 шо кхочур дара

Radiomarsho.com 

Еаридийнахь 60 шо кхочур дара бакъонашларъярхочун, журналистан Политковская Аннин. 2006-чу шеран ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Москохь йийра иза. Журналист ехачу хIусаманна хьалха мосуьйттоза тапча тоьхнера цунна зуламхоша. Политковская юьйш ша дакъалаьцна хилар даре динарг ву милцо болх беш хилла Павлюченков Дмитрий. 2012-чу шарахь 11 шо хан туьйхира цунна. Кхин а пхи стаг: вежарий Рустам, Жабраил, ИбрахIим МахмудовгIар а, церан гергара стаг Гайтукаев Лом-Iела а, милцо хилла Хаджикурбанов Сергей... Читать дальше...

Шемара бераш цIадерзо Iалашо ю нохчийн Iедалан

Radiomarsho.com 

Бакъо йоцуш Оьрсийчуьра Шема дIадигина хилла 117 гергга бер гергарчу хенахь даймахка дерзо Iалашо ю Нохчийчуьрчу Iедалхойн. Малхбузерчу коалицино доладечу каппашкахь дуьсуш ду кхин а 300 бер, хаамбина Кадыров Рамзана "ВКонтактерчу" шен пена тIехь. "Сабсаби Зиядна (Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь а волу куьйгалхочун векал) тIедиллина ас и бераш хIуъа а дай, цIадерзаде аьлла. Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкара бераш ду уьш, дукха хьолахь. Нохчийчоьнан бахархой кIезиг бу царлахь", - яздина Кадыровс.

Форбс журналан рейтингехь ву Кадыров Рамзан

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра уггар а Iаткъаме 100 стаг вовзийтина оьрсийн Forbes журнало шен агIонехь. Цу юкъахь бу хьаькамаш, бизнесхой, топ-менеджерш, ницкъахой. Президент Путин Владимир ву коьртехь. ШолгIачу тIегIанехь Сбербанкан куьйгалхо Греф Герман ву. 3-чу меттигехь дIатарвелла Газпроман урхалхо Миллер Алексей. Цунна тIехьа ву Ронефть компанин куьйгалхо Сечин Игорь. Премьер-министр Медведев Дмитрий билгалваьккхина 5-чу могIарехь. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан 91-чу метте ваьккхина.

Тахане муха туьдур яра Политковская Аннас ша дийна хилча?

Radiomarsho.com 

Еарийдийнахь 10 шо дуьзина Политковская Анна йийна. Москохарчу шена хIусаман лифтчохь коьртах 4-зза тапча тоьхна йийна карийра бакъдерг ца кхоьрруш дуьйцу журналист. Лурчаха Москохарчу кхело Политковская Анна ерна бехкевинчу Нохчийчуьрчу пхеа  вахархочунна хенаш туьйхира. Кхело иза ер дуьйзира цо дуккха а шерашкахь, Нохчийчоьхь тIом боьдуш а, сецначул тIаьхьа а лелла харцонаш Iораяхарца. Амма Политковская Аннин агIончашкахь тахана а Iеткъаш деха харцо толар. Реза бац уьш и гIуллакх кхачойоллуш таллаза дисарна... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Путин поручил сократить время пути поездов от Москвы до Черноморья до 16 часов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Концерт

Концерт ко дню адыгского флага привлек молодежь Черкесска



Москва

В Подмосковье устраивают стойки опор путепровода через Каширское шоссе

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net