123ru.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 04.08.2018

Гелдаганарчу кешнашкахь дIавоьллина Темерханов Юсуп

Radiomarsho.com 

Омскерчу дарбана хIусамехь кхелхинчу тутмакхан Темерханов Юсупан дакъа цIакхачийра Нохчийчу делкъалтIаьхьа. Ерриг республикера а, луларчу регионашкара а эзарнаша бахархоша дакъа а лоцуш, дIавоьллира иза Гелдаганарчу кешнашкахь. Пхи шо хьалха Темерханов Юсуп, 15 шо хан а тоьхна, чувоьллира 2011-чу шарахь Мангал-баттахь Буданов верна. И стаг, 10 шо хан а тоьхна, чувоьллинера, Нохчийчохь, хьийза а йина, 18 шо долу йоI ерна. Амма 6 шо даьллачул тIаьхьа хенал а хьалха дIахицира иза колонера. 2011-чу шарахь Мангал-баттахь Москох вийра Буданов. Читать дальше...

Темерханов Юсупан тезетехь хилла Кадыров Рамзан

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хилла шот дийнахь Гелдаганахь Темерханов Юсупан тезетахь. Набахтехь кхелхина волчу цуьнан бехк а бацара, иза шен Iожаллица а велла аьлла, дIахьедар дира Кадыровс.  Омскерчу дарбанан хIусамехь кхелхина Нохчийчоьнан махкахо Темерханов Юсуп дIавуллур ву Гелдаганахь кIиранан дийнахь. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион корреспонденто. Хьалхо Буданов Юрий верна хан токхуш волу Нохчийчоьнан махкахо Темерханов Юсуп велла Омскерчу дарбанан хIусамехь, цуьнан дегIаца хиллачу цамгарех... Читать дальше...

Къаьмнийн меттанех лаьцначу низамна тIе куьйг таIийна Путин Владимира

Radiomarsho.com 

Къаьмнийн меттанаш школашкахь Iамор тIедожор дIадоккхучу низамна тIе куьйг таIийна Путин Владимира. Цу кепара иза болх бан доладелла. Юкъараллан жигархой дуьхьал бара и назам тIеэцарна, Къилбаседа Кавказана а, кхин йолчу а кхечу къаьмнийн векалш бехачу регионашна "русификаци" ян гIортар ду иза бохуш, яздо "Кавказ.Реалиино". Керлачу низамца а догIуш, дешаран системо лучу аьттонех пайда а оьцуш, мотт Iамочунна а, цуьнан дена-нанна а луург тидаме а оьцуш. Керлачу низамо декхарелахь бо дешархой а... Читать дальше...



Reuters: Iамерко "дукха шийла" тIеэцна Оьрсийчоьно Шема хьокъехь кховдийна некъ

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман инарлин штабан куьйгалхочо Герасимов Валерийс "къайлаха кехат" хьажийна хилла Iамеркан армин буьйранче Данфорд Джозефе, Шема юхаметтахIоттош Оьрсийчоьнан Iедалша кечйина гIулчаш юьйцуш. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло, цу кехата тIехь дерг дуьйцучу шайгахь долчу документан тIе а тевжаш. Герасимовс кехат дахьийтина хилла Товбеца-беттан 19-чохь, ХIелсинкехь Путин Владимир а, Трамп Доналд а цхьаьнакхеттачул тIаьхьа кхо де даьлча. Цу тIехь инарлин штабан куьйгалхочо Вашингтоне... Читать дальше...

Макгрегор летар ву Нурмагомедовца ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь

Radiomarsho.com 

Ийначу кепехь летачу дуьненаюкъарчу UFC-н (Ultimate Fighting Championship) къовсадаларшкахь Дагестанера Нурмагомедов Хьабиб летар ву Макрегор Конорца ГIадужу-беттан (Октябрь) 6-чу дийнахь. Цунах лаьцна дIахьедар дина UFC-н куьйгалло, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Латар хир ду Лас-Вегасехь. ​Нурмагомедов карарчу хенахь UFC-н (яй йозалла) чемпион ву.  Шен карьерехь ца эшна иза цкъа а. Ирландхо Макгрегор чемпион ву, ах яйн йозаллехь леташ волу. Шен карьерехь иза кхузза эшна. Кхушеран... Читать дальше...

НДС олучу йолан барам алсамбакхарх лаьцначу низамна тIе куьг таIийна Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIе куьг таIийна тIетоьхначу мехах йоккхучу йолан (НДС) барам 18 тIера 20 проценте кхаччалц алсамбаккхарх лаьцначу низамна. Цу хьокъехь долу документ арахецна низамийн хаамийн официалан порталехь. Путина тIечIагIдина и низам болх бан долалур ду 2019-чу шеран Дечкен-беттан (Январь) 1-чу дийнахь дуьйна.    НДС – йохкархочо йоккхуш йолу нисса дIа йоцу ял ю, эцархочо луш йолу. Цу кепара йолан барам алсамбаккхаро дестор ду мехаш. Йолан барам тIетохарна дуьхьал акцеш хилира Оьрсийчохь.

Африкехь байинчу журналистийн декъий дIакхачийна Париже

Radiomarsho.com 

Юккъерчу Африкан Республикехь вийначу Джемал Орханан а, Расторгуев Александран а, Радченко Кириллан а декъий Париже деана, хаам бо Газета.ру сайто. Цигара уьш кеманца дIакхачор ду Москох. Болчу хаамца, журналистийн декъий эцна кема охьахуур ду Москох кху беттан 5-чу буьйсанна.

Темерханов Юсуп Гелдаганахь дIавуллур ву кIиранан дийнахь

Radiomarsho.com 

Омскерчу дарбанан хIусамехь кхелхина Нохчийчоьнан махкахо Темерханов Юсуп дIавуллур ву Гелдаганахь кIиранан дийнахь. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион корреспонденто. Хьалхо хаамаш баьржинера, Омскера таIзарш кхочушдон федералан сервисан урхалланна (УФСИН) реза хилла, Темерханов гергарчаьрга дIавала аьлла. "Кавказский узело" яздарехь Темерхановн гергарнаш пIераскан дийнахь новкъабевлла Омске.   Хьалхо Буданов Юрий верна хан токхуш волу Нохчийчоьнан махкахо Темерханов Юсуп велла Омскерчу дарбанан хIусамехь... Читать дальше...

Беркема чудоьжна 18 стаг велла Красноярскехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь Красноярскерчу махкахь 18 стаг велла, Ми-8 беркема чудожар бахьана долуш. И беркема хилла Utair компанин. Оцу тIехь берш хилла махкадаьттан маьIдане буьгуш болу белхалой.  Цкъачунна болчу хаамца, хьалагIоттуш беркеман пиллигаш хьакхаделла, жимма хьалхо айаделлачу кхечу беркеманно дIахьочу киранах. ШолгIа МИ-8, ша айина кира дIа а хецна, охьахиъна. Цу чуьра пилоташ кIелхьарбевлла. Хилларг толлуш бу талламан комитетан белхахой.

УФСИН: Темерханов цамгарех велла Омскерчу дарбанан хIусамехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан эскарехь полковник хилла Буданов Юрий верна хан токхуш волу Нохчийчоьнан махкахо Темерханов Юсуп велла Омскерчу дарбанан хIусамехь, цуьнан дегIаца хиллачу цамгарех, хаам бо РИА "Новости агенталло, цу кIоштарчу таIзарш кхочушдон федералан сервисан урхалланна (УФСИН) векална тIе а тевжаш. "Иза велла гIалин дарбанан хIусамехь. Цига иза дехьаваьккхинера таIзарш кхочушдон федералан сервисан дарбанан цIийнера. Иза дехьаваккха сацам бинера Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь, цуьнан могашалла талхар бахьана долуш. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Блиц-матч по шахматам между двумя командами провели в павильоне «Спорт для каждого»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Чесноков оценил шансы Александровой в борьбе за выход в финал турнира WTA в Майами


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

США включили ряд российских блокчейн-платформ в список SDN





Путин в России и мире
Москва

Путин оценил перспективы строительства ВСМ «Москва — Санкт-Петербург»


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Киев признал стагнацию ВСУ по всей линии фронта


Навальный в России и мире
Москва

Силовики задержали за сутки пятерых журналистов, часть проходит по делу об «участии в работе ФБК», одного жестоко избили при задержании



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Диана Арбенина

Певица Диана Арбенина призналась, что улетела из России ради матери



Москва

Напавшего на контролера «Московского паркинга» приговорили к лишению свободы

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net