Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 08.08.2018

Оьрсийн набахтехь леш воллу украинхойн режиссер Сенцов Олег

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу набахтехь мацалла кхайкхийначу украинхойн режиссеран Сенцов Олеган йишас Каплан Натальяс, шен вешигахь вуон хьал ду аьлла, хаамбина. 87-гIа де ду цо юучух бат тоханза. Цо бахарехь, шен адвокатехула кехат даийтина цуьнга вашас, ша "гIатталуш вац", "хан герга кхочуш ю" шен аьлла. ХIетте а Сенцов дуьхьал ву дарбан цIийне дехьаваккхийта ша, цо бахарехь набахтехьчул а "алсам ницкъ бо" цунна тIехь лазартнехь. Сенцовс ишта дIахаийтина, шега цхьа а кехат схьакхачош цахиларх а, информацин вакуумехь ша латтош хиларх. Читать дальше...

Урдунехь а сийдо Темирханов Юсупан

Radiomarsho.com 

Оршоьтадийнахь Урдунерчу Сувейлехь вайнах гулбелира, шен къоман йоI ерна чIир оьцуш стаг вийна аьлла, Оьрсийчоьно набахте хьажийначохь веллачу Темирханов Юсупна кадам бан. Меттигерчу нохчаша а, гIалгIаша а доIанаш а деш, сийдарца ехира кхелхинчун цIе. Видео яийтина Урдунерчу Вайнехан юкъараллин декъашхоша



Герз духкуш гIалгIай лецна Краснодарехь

Radiomarsho.com 

Краснодаран кIоштахь герз духкуш ву аьлла, шеконашца лаьцна ГIалгIайчуьра кхо вахархо. Талламчийн хаамашца, регионерчу къайлахчу сервисийн белхахоша цара герз чудохьуш хилла канал дIакъевлина. ФСБ-н белхахочо, ша герз эца луург а хилла, Iорабаьхна зуламхой, дуьйцу прокуратуран пресс-гIуллакххоша. Краснодаран Советский олучу кIоштарчу кхеле дIахьажийна ГIалгIайчуьрчу бахархошна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх.  Набахтехь даккха ялх шераш хенаш йогIу царна, нагахь бехк тIехь бисахь.

Санитаран хьелаш ледара а карийна, дIакъевлина Соьлжа-ГIалара "Шаурма"

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалара "Шаурма" кхачан хIусам дIакъевлина кхелан пурстоьпаша. Хьалхо цу чохь санитаран - эпидемологин хьелаш теллинчу Роспотребнадзоран векалшна гучудаьллера, белхахоша шаьш еш, юхкучу фастфудашца чуоьхучийн могушаллина кхерам бохьуш хилар. Административан протокол а хIоттийна, гIуллакх кхеле кхи дIа листа дIакховдийна Роспортеднадзоро. Бутт хьалха пурстоьпаша мухIар таIийна, дIакъевлира "Шаурма" кхачан чоь кхаа баттана, кхачамбацарш дIанисдан.

Титиевн кхелехь тешаш тIе ца тоьа

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюба дов хоттучехь виъ теш ву, бисинарш довзуьйтуш доцчу бахьанашца ца баьхкина, хаамбина кхелехь секретаро. Маршо Радионо ма-яздарра, Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна ву Титиев Аюб, марихуана яьккхина цуьнгара аьлла. Титиевс а, цуьнан коллегаша бакъ ца йо и верси, наркотикаш цунна кхийсина ю аьлла цара. Кхааридийнахь кхелан кхеташоне баьхкинера бакъонашларъяран центран Кхеташонан куьйгалхо Черкасов Александр а, Москохарчу Human Rights Watch бюрон хьалханча Локшина Татьяна а... Читать дальше...

Мунаев Iийсана хIоллам хIоттийна Днепрехь

Radiomarsho.com 

Украинерчу Днепр гIалахь мемориал схьайиллина 2015-чу шарахь Дебальцеворчу тIематасадаларехь кхелхинчу нохчийн инарлан Мунаев Iийсан цIарахчу урамехь. ХIоллам схьабоьллуш дакъалецира Украинерчу политикаша а, эскархоша а, меттигерчу жигархоша а. Бараме кхайкхина вара Мунаев Iийсан воI Тимерхан.

Дагестанехь кхел йийр ю Басаевн агIончийн

Radiomarsho.com 

Дагестанехь теллина а даьлла, кхеле дIакхачийна Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашкахь лаьттинчу Даутов Маратан а, Мухатдинов Дамиран а, Аджибрагимов Русланан а, Бакиев Батырбекан а гIуллакх. Уьш бехкебо герзашца тIелетарш дарна а, бунт гIатторна а, полисхошна кIелонаш ярна а. Дагестанерчу Ботлихан кIоштахь конституцин къепе латточу оьрсийн эскархошна 1999-чу шарахь тIелатарш дина хилла цара. Вийра хIетахь 33 стаг, 34-нна кеп-кепара чевнаш йира. Накануне.RU хьостано хаамбарца, шинаридийнахь... Читать дальше...

Индонезехь мохкбегийна белларш кхи а тIекхетта

Radiomarsho.com 

Индонезехь мохкбегийна беллачу нехан терахь кхааридийнахь 131-нне хьаладаьлла. Меттигерчу Iедалхойн хаамашна тIе а тевжина, бина и хаам Франс-Пресс агенталло. 6, 9 магнитуда йолуш мохкбегийра Ломбок гIайре тIехь. Дохийна хIусамийн тхевнаш, дIаяьлла ток, херцаршлахь белла дуккхахболу нах. Луларчу Бали гIайрехь а хаабелла мохкбегор. Кхечу пачхьалкхашкар оьхучу туристех буьзна хуьлу Ломбок гIайре. Ростуризман зерашца, Iаламан бохамна гергахь ву карарчу хенахь Оьрсийчуьра вахана 5 эзар гергга турист а. Читать дальше...

Бусулбачу зударех ша йинчу забарна дохко ца ваьлла Джонсон

Radiomarsho.com 

Консервативан партин куьйгалхочо тIедожийнашшехь, Британин хилла арахьарчу гIуллакхийн министр Джонсон Борис дуьхьал ву, бусулбачийн духарх ша йинчу забарна гечдар деха. Би-Би-Си медиакорпорацино бо и хаам кхааридийнахь. Почтан яьшканех тера хуьлу аьллера цо, юьхь лачкъийна духарца лела зударий. Банкашка къола дечу талорхошца а буьстинера Джонсона буркаш йоьхна лела бусулба зударий. Питане а, сийсаз а ю цуьнан забар аьллера цхьа могIа бакъонашларъярхоша а, бусулба жигархоша а, лейбористийн оппозицино а... Читать дальше...

Юха а белла дIабовллалц набахтехь буьтуш кхел йина тIемалошна

Radiomarsho.com 

Волгодонскехь а, Москох а цIенош лелхийтина аьлла, бехкевина, велла дIаваллалц набахтехь яккха хенаш тоьхначу Крымшамхалов Юсупна а, Деккушев Адамна а шолгIа хенаш кхайкхийна, оьрсийн салтишна Нохчийчохь тIом боьдучу заманчохь тIелетарш дина аьлла. ШолгIа а, белла дIабовллалц чохь бахкош сацам тIеэцна кхелахоша. Маршо Радионо яздира, цушинна дуьхьал керла бехктакхаман дов долийна хиларх Оьрсийчоьнан прокуратуро. Талламхоша чIагIдарехь, Крымшамхалов а, Деккушев а декъашхой хилла Басаев Шемила а... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Росгвардия обеспечила правопорядок во время футбольного матча «ЦСКА» - «Спартак» в Москве


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Новак Джокович

Легенда тенниса рассказал, готов ли он опять стать тренером Джоковича


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

АО «Транснефть – Прикамье» провело свыше 3 тыс. экологических исследований в I квартале 2024 года





Путин в России и мире
Москва

Эксперт: корректировка порогов крупного и особо крупного ущерба по экономическим статьям оправдана и своевременна


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко: на территории Польши и Прибалтики готовят атаки на восток




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: встречи по продвижению "формулы Зеленского" дают Киеву чувство вседозволенности


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Владимир Высоцкий

Что Золотухин рассказывал про некрасивые тайны Таганки и почему Высоцкий его не простил



Москва

Спрос на новостройки в столице упал на 44%, но цены продолжают расти

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net