Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 28.08.2018

Кадыровна язйина а яц конституци?

Radiomarsho.com 

Дукха хьолехь хеза Нохчийчоьнан урхалчашкара Бехктакхаман кодексо зуламе лору къамелаш. Къастттина дукха хьоьшу оцу маьIнехь низам ша мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Цо тIаьххьара а террорхойн тIегIане баьхна адамийн бакъонаш ларъе а, Iедале харцонаш цалелаяйтарехьа къахьоьгу а нах. Маршо Радионо гойту цо деккъа цхьана дийнахь, цхьана шен къамелехь маса низам талхийра.

Кавказхой луьттуш ву Макгрегор

Radiomarsho.com 

ММА –н чемпионца Нурмагомедов Хьабибца лата дагахь волчу Макгрегора питане къамел дина, аьлла хета цхьаболчу кавказхошна. Ша лата кечвеш, джиу-джитсу хааршца гIодарна баркалла олу Магомадов Аюбна, амма шена тешнабехке хета Хьабибехьа волу кхин нохчо - Тухугов Зубайр, аьлла гоьваьллачу ирландхочо. ("Бакъ нохчочо цкъа а гIодийр дац дагестанхо нохчочух лата кечвеш"). Нурмагомедов лата кечвечаралахь волчу цуьнан дена Iабдулманапна а аьлла Макгрегора "кIилло".



Сенцовна Нобелан совгIат догIу аьлла Полшин хиллачу президенто

Radiomarsho.com 

100 сов деношкахь оьрсийн набахтехь мацалла хьоьгу Украинан режиссер Нобелан совгIат дан хьалхатеттина Полшин хиллачу президенто Валенса Леха. Полшин киноакадемис зорбане диллина Валенсан дIахьедар. Пачхьалкхехь хийцамаш хилийтархьама къийсам латточу "Солидаралла" цIе йолчу профсоюзан коьртехь вара Валенса цхьана хенахь, тIаьхьо Полшехь демократин хийцамаш хиллачул тIаьхьа президент хаьржира иза. Нобелан совгIатан лауреат а ву иза. Amnesty International-о а, кхечу бакъонашларъяран организацеша а Оьрсийчоьно Сенцовна йина кхел харц ю боху... Читать дальше...

Москох летта кавказхой

Radiomarsho.com 

Юкъаметтигаш къестош, дов иккхинчуьра 18 стаг дIалаьцна полицино Москох. Бу царлахь эрмалой, азербайджанхой, нохчий, гуьржи а. "Москва" хаамийн гIирсо бо и хаам. Цул совнах, цаьргара яьккхина жIав, травматикан герзан 13 патарма а, ши урс, арматура а. Оршотан суьйранна некъан бохам иккхина хилла Кавказера схьабевлла бахархой юкъахь а болуш. Вовшашка луьйш, олуш дов даьлла, вовшахтасабелла хилла уьш. Кхайкхина баьхкинчу полисхоша 18 а лаьцна, дIавигина: Азербайджанера 8 стаг, Эрмалойчуьра 7 вахархо, Нохчийчуьра 2, Гуьржийчуьра 1 а. Читать дальше...

Умаров: Кхиазхошна "профилактика" ю йийриг

Radiomarsho.com 

Кхетош-кхиоран болх бу Нохчийчохь кхиазхошца дIахьош, оьшуш дац хьал дарсто аьлла "Эхо Москвы" радиостанцина еллачу интервьюхь махкарчу зорбан министро Умаров Джамбулата. Цо чIагIдарца, тIетаьIIина дIалехьош бац кегийрхой, юкъарчу низамашкахь талламаш бу дIахьош. ТIаьххьарчу деношкахь Нохчийчохь 200 гергга кхиазхо лаьцна вигина полисхоша аьлла, хаамашкахь информаци яьржира. Урамашкахь сеца а беш, сахьташкахь цаьрга хеттарш деш, латтабо уьш аьлла яздира "Кавказан узел" агенталло а. Кхиазхойн... Читать дальше...

Минех латтанаш дIа а цIандина, план кхочушйина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Лоьлхучу хIуманех латтанаш дIацIандан кху шарахь тIелаьцна план кхочушйина Нохчийчохь сапераша. 1280 гектар дозанера ерриг а 4200 кхераме оьккхуьйтург ю сапераша яьккхинарг. ГIалгIайчохь хIинца а белхаш дIахьош бу. 150 гектар майда минех цIанйина сапераша. Охан-бутт карабеачхьана оцу шина а республикехь латтанаш цIандан долийнера минех. 400 сов эскархо а, минаш лоьхучу хьукматара говзанчаш а, лерина Iамийна жIаьлеш а тIеоьзнера латтанаш минех паргIатдахархьама.

Шелахь полисхоша бераш лецар бакъ ца дина

Radiomarsho.com 

Полисхошна тIелатар динчул тIаьхьа кхиазхой лоьцуш хилар бакъ ца дина Нохчийчохь. Шела кIоштарчу ницкъахоша урамашкахь бераш лоьцуш ду аьлла, яьржина информаци бух боцуш лерина. РБК агенталле дийцина цунах кIоштарчу полисхойн декъан белхахочо. "150-200 бер оха дIа а лоьцуш, цаьрца сахьташкахь хеттарш дина бохург бакъ дац", - аьлла РБК хьосте полицин декъан пресс-гIуллакхоша. Школашкахь кест-кеста кхиазхошца профилактикан къамелаш деш хилар, билгалдаьккхина оцу хьосто. Оьрсийчоьнан Талламан комитете... Читать дальше...



"Яндексна" кхерам тесна Роскомнадзоро

Radiomarsho.com 

Еарин сарахь пиратийн сайташка вуьгу ссылкаш дIа ца яхахь Роскомнадзоро дIакъовлур йолуш ю Яндекс. "Интерфаксе" бина и хаам урхаллан куьйгалхочун гIовсо Субботин Вадима. Москох гIалин кхелан сацамна тIе а тевжина, бина цо и хаам. "Яндекс. Видео" сервисехула пиратийн контентна тIекхочийла дехка деза аьлла, кехат дахьийтинера де хьалха Роскомнадзоро "Яндексе". Дахначу пIераскандийнахь Москохан кхело сацам тIеийцира, "Яндексо" шен тептарера пиратийн "Мистикан истореш" шоун, "Домашний арест", "Вне игры"... Читать дальше...

Нальчикехь карийна гIалгIайн яйна йоI

Radiomarsho.com 

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу полисхошна карийна ГIалгIайчохь лоьхуш хилла йоI. Кху беттан 15-чу дийнахь дуьйнна лехамашка еллера иза, цуьнан гергарчара хаамбарца. Цара дийцарехь, 23 шо долу Омарова Калимат цIера араяьлла дIаяханера, йоьду меттиг а ца буьйцуш. ХIетахь дуьйнна цхьана а кепара информаци яцара цуьнгара. ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бо и хаам. Нальчикехь ехаш карийна йоI. Хьалхо "Пятигорск" информацин портало хааме даьккхира, Нохчийчоьно а лоьхуш хиларх Омарова Калимат.

Асадна Iаткъамбар доьху Путине Iамеркан президенто а, немцойн канцлеро а

Radiomarsho.com 

Идлиб регионехь гуманитаран кризис хIоттарна а, оцу провинцерчу исламхойн а, жихIадхойн а позицешна пачхьалкхан эскарша тIелатар дарна а сингаттаме ю Германи а, Iамерка а. Телефонехула хиллачу къамелехь Шемарчу ситуацех дийцарш дIадаьхьна Германин канцлеро Меркел Ангелас а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда а. Оршотдийнахь Германин Iедалан векало Зайберт Штеффена бина и хаам. Оьрсийчоьне кхайкхамбина Меркела а, Трампа а, Шемарчу ражна байн тIеIаткъам бар а, конфликт кхи дIа гIоьртина ца хилийтар а доьхуш. Читать дальше...

Школашкахь кхиазхойн радикализм божаршка - хьехархошка эшаяйта еза аьлла Жириновскийс

Radiomarsho.com 

Кхиазхойн радикализмна профилактика ярхьама Оьрсийчоьнан школашкахь классийн куьйгалле божарий хIитто беза аьлла, шен Фейсбукерчу агIонехь язйина Жириновский Владимира. "Божарий нуьцкъала бу, кхиазхошна авторитетете а хета уьш", - яздо политико. Цунна хетарехь, зударий тоьлла хьехархой а, дика наной а бу, цундела доглазар алсам ду цаьрца. Карарчу беттан 20-чохь Нохчийчохь кхиазхоша полисхошна тIелатар дичхьана политикийн гонашлахь йийцаре яьккхина террорхойн тобанашка кхиазхой дIаийзоран тема. Читать дальше...

ГIиргIазойчохь керла доьзал кхуллучара ВИЧ-унах цIена хилар тIечIагIда дезар ду

Radiomarsho.com 

Керла доьзал кхуллу йоIIий, кIанттий ВИЧ лазар дуй толлуш, тестах чекхадаккха деза аьлла ГIиргIазойчохь. Парламентан депутато Самигуллина Альфияс йийцаре яйта юкъаяьккхина там-мах бале хьалха иммунодефицитан (СПИД) цамгар яц аьлла, лоьрашкара  тоьшалла доккхуш низаман проект. КарабогIучу баттахь депутатийн гонашкахь дийцаре дилла дагахь бу цунах. ГIиргIазойчоьнан могушаллин министраллан зерашца, махкахь 7, 5 эзар стаг ву ВИЧ-ун даьлла. Цул совнах, 22 шерачохь дуьххьара тутмакхашлахь бинчу талламашца... Читать дальше...

Волгоградехь флешмоб дIаяьхьна Яндиев маьршаваккхар доьхуш

Radiomarsho.com 

Словакино Оьрсийчоьне дIавеллачу Яндиев Асланна гIо лоцуш флешмоб дIаяьхьна Волгоградехь оршотдийнахь. Акци вовшахтоьхначу Кругляков Владимира дийцина цунах "Кавказ.Реалии" портале. "Iалашо цхьаъ ю – Яндиев Аслан маьршаваккхар. ХIора кIиранах йо оха акцеш: маьршачу нехан буьйлабелла лелар. Жигархой схьакхетта тхох", - аьлла Кругляковс. Цо бахарехь, хьалхо цуьнан инициативаца иштта акцеш дIаяьхьира мацаллин протест кхайкхийначу Гвашев Русланан а, нохчийн бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан а гIо лоцуш. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Новак Джокович

Кто отец Дианы Джокович?


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Поездам прибавляют ходу // Как может сократиться время пути от Москвы до курортов на Черном море


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Rammstein

В Калининградской области отказались отменять трибьют-концерт Rammstein



Москва

Стало известно число совершенных коррупционных правонарушений в РФ за 2023 год

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net