ДогIанаша бохийна "Ведучи" боьду некъ
Нохчийчуьрчу "Ведучи" когсалазийн курорте боьду некъ боьхна даккхийн догIанаш дарна.
И бахьана долуш цхьана ханна дIекъевлина и садоIу меттиг. Цу кепара, юкъахбаьлла карарчу хенахь курортехь дIахьош болу аьхкенан мур.
Некъ меттахIотторан белхаш дIаберза мегаш бу тIебогIучу Гезгмашин-баттахь.
Кху шеран бIаьста иштта хьал карийнера "Ведучехь" Кавказ.Реалии корреспондентана.