Могуш доцуш школе, я берийн беша далийна бер тIеоьцур дац кху шарахь
Берашна тIехь таллам а беш, нагахь могуш цахиларан билгало цуьнгахь хаалахь, уьш шайн цIа дIадохуьйтур долуш ду тIейогIучу хенахь.
Вирусан жигаралла къаьсттина марсайолучу гуьйренан а, Iаьнан а муьрехь дIахьур йолуш ю и юкъайоккху процедура, инфекци ца яржийтархьама.
Цу кепара фильтраци лелош ю хIинцале а масех доьшийлашкахь, цо дика жамIаш а гайтина аьлла, дийцина газете иммунобиологин препараташ кхуллучу талламийн Iилман Федералан центран белхахочо Гамбарян Александра.
