"Юхахоржуш хилча а, хими хоржура яра ас"
30 шо ду Солтамурадов Гиланис химин Iилма шена хаьржина а, университетехь цо иза хьоьху а. Арахецна дуккха а говзанчаш, цара къахьегна зама хьалха Нохчийчохь жигара болх беш хиллачу заводашкахь. Амма Гилани теша ша тахана Iамочу кегийрхошна хими кестта оьшург хиларх.