ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь кхин дIа а виса кийча ву Евкуров
"Президенто кховдийннарг омра ду, дан дезачунна куьйгалла ду", аьлла Евкуровс.
Цуьнца цхьаьна, ша болх бан кийча ву, боху цо пачхьалкхан куьйгалло шех тешийначу даржехь.
Евкуров ГIалгIайчоьнан куьйгалхо волу 10 шо ду. Иза президент хIоьттира 2008-чу шарахь. 2013-чу шарахь, хьалхара хан дIайирзича, Евкуров республикан куьйгалхо хьаьржира меттигерчу параменто.
