Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2018

"Халла айдина бехк-такхаман дов". Лаьцна студентна-дагестанхочунна тоьхнарг

0
Крутов Марк, Маршо Радион оьрсийн сервис

Шинарийдийнахь Москох бехк-такхаман урхалло хаам баржийна, ша лаьцна 18-шо долу Дагестанера студент Абумуслимов Амир, тоьхна, тиларчу вахийтинарг, аьлла.


Ша санна волу студент лазийнарг хилам иккхина I0 де даьлча бен ца лаьцна – оцу юкъанна парггIат лелла ша доьшуче. Абумуслимов лазор тидаме а эцна, кху беттан I5-чохь гIаттийна дов. Ткъа баьржина хилам Фейсбукера цхьа пост бахьана долуш.


Абумуслимов Амирна тухуш гина Москох ехачу Бахотская Иринина. Сарахь шен майрачуьнца мохе яьлла, паркехула йолалуш хилла иза. Иштта дуьцу цо шена дайнарг:


"Стигалкъекъа-беттан 12-чохь со а, сан майра а, бераш а дуьйлалуш дара, паркера арадовлуш тIай тIе кхечира, кегийнехан гIара хезира тхуна. Стомма пхьарсаш долу кIентий а, цаьрца мехкарий а – 8 стаг вара моьтту суна. Тхо нийсса тIенислушшехь, оцу кIантана туьйхира цхьаммо. КIант вогIийна лаьттара, кхеравеллачух тера а дара. Цкъа туьйхира цунна. Коьртах. Амма ондда. Юха иза охьалахавала вуьйлира. Сан майрачу сихха схьалаьцна, шен когаш тIетовжийра, тхо цунна гIодан хIиттира. Ас полици а, лоьраш а кхайкхира. И акхарой йовда сиха а яцара, парггIат шаьш виллинчуьнга а хьоьжуш, боьлуш хьийзара. Орца дацара кхочуш цхьаьнхьара а. КIантна вон хуьлуш лаьттара. Лоьраш баьхкира юьхьанца, тIаккха – полици. Полисхой сиха бацара зуламхой леца, лиинехь, лецалуш бара. Гуш дара, полици кхоьрура, видеокамераш ю болхбеш, шек а ма довла, бохура тхоьга. Ткъа хIинца полицино яц боху видео (!). Халла, лаамза айдина бехк-такхаман дов а. КIант кхузара вац, да-нана оьзда, тийна адамаш ду. Полици, со кхетарехь, меллаша дIадерзо йоллу хилларг".


Бахотская Иринина хиина мила ву лазийнарг – Дагестанера Москох деша веъна, Сеченовн цIарх йолчу медицинан академин 2-чу курсан студент ву иза. Полицино дов айдина Амиран да-нана Москох а деъна, сагатдан доьлча, цунна йиттина массех де даьлча, цара арздича. Ша Амир "Вера" ("Тешам") олучу хосписехь волонтер, мехаза нахана лоьралла лелош а хилла.


Стенна дитина хилларг полицино тидамза? Иза хууш дац. Иштта ца хаьа, стенга яхна камерша дIаяздина видео.


"Комсомльская правда" газето къамел дина Абумуслимов Амиран гергарчу зудчуьнца – Касумова Алисица. Цо дийцарехь, ши ваша ву Амиран, доьзал беха Дагестанерчу цхьана жимачу юьртахь. Амира тоьлла дешархо ву академехь, даима а лелла лор хила хьаьгна.


Амирна тухучу сарахь цуьнца цхьаьна хиллачу доттагIчо бахарехь, хIумма а доцчунна тIехь даьлла дов: леттарш, маьттаза мотт а буьйцуш, маьхьарий хьекха буьйлабелла кхаьрга. Накъосто Амире аьлла, тергал а ма бе и кегийнах, амма Амир юхахьажна, хьожжушехь – тоьхна цунна.


Шинарийдийнахь Москох полицин информацин урхаллан хьаькамо Титов Юрийс даржийна, шаьш бехкениг лаьцна, аьлла. Инстаграмехь видео ю яржийна оцу хьокъехь, цу тIехь лаьцначу жимчу стаге хоьтту, дохковаьллий иза ша Амирна тохарна, вукхо – ваьлла боху. Дуьйцу, дов иккхинера шен накъостийн, ша юкъавоьлла, цкъа туьйхира, иза воьжча, ша цунна лоьралла дира, цо бIаьргаш ма-билли, ша дIавахара.


Абумуслимов Амир №1 йолчу клиникехь Iуьллу Москох, яздо Бахотская Иринас Фейсбукехь. 7 сахьтехь операци йина цунна. Тиларчу ванза вара хIара материал кечъечу хенахь а.


Прессе бечу хаамашца, Амирна тоьхнарг ву 18 шо долу, Брянскера веъна, Москох доьшуш волу студент. Цунна бехк тIебаьхьна полицино.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net