Мархийн баттахь малар доьхкина зуда лаьцна Гуьмсехь
Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан муфтийн Кхеташоно Рамадан мархийн бутт кху беттан 16-чохь дIакхайкхийна хиларх. Амма Нохчийчоьнан а, Дагестанан а муфтияташа хьалхара мархийн де 1
7-чохь ду аьллера. Нохчийчохь мархийн баттахь доьхкуш ду маларш дохкар. Къайлах кафе хьажийначу полисхочунна сертификаци йоцуш малар доьхкина хилла кафен белхалочо. ДIабаьхьначу талламашкахь гучудаьлла цуьнгахь кхи а пхи литар къаьркъа хилар. Цул совнах маларш дохка лицензи а ца хилла оцу кафен.
Бакъо йоцуш къаьркъа кечдарна а, лачкъийна латторна а, дохкарна а долчу низамашца ши шо хан кхачайо набахтехь яккха.
