Дуьненан чемпионат ерззалц Нохчийчохь дихкина герз лелор
Хаамийн гIирсашкахь яздеш ма хиллара, меттигерчу бахархоша шайгара травматикан а, талламан а герз муха лардо хьовсуш, талламаш дIабаьхьира чоьхьарчу министраллан белхахоша еарийдийнахь. Дуьненан чемпионат йоьдучу ханна Соьлжа-ГIалахь куп тухуш ю Мисарара йогIу футболан клуб.
Билгалбаьккхинчу баттахь республикехь дихкина ду герз а, патармаш а лелор, дохкар. Нагахь бехкам ца лоруш герзаца стаг гучувалахь, низам дохийначуьнгара схьадоккхур ду герз.
