Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2018

"Нехаш хьалххе дIайохур ю, иза карор яц моьттура суна"

0
Мамсуров Аслан

Нохчийн йоI ерна бехкевийриг дохко ца ваьлла ша динчунна


Венехь ворхI шо долу Хадижат хьан, муха йийна бохург къастийна полицино. 16 шо долу лулахо ву шекойолуш лаьцна. МаьIна доцчу къизалло дуккха а хеттарш дойту.


Кху беттан 15-чу буса жима Хадижат ерца доьзна лаьцна мила ву нохчийн диаспорина Iуьйранна хиира. Амма ца кхетара нах, стенна дина зулам, стенгара ву йоI йийнарг, муьлхачу къомах ву. Цхьаболучара цунах цигон вора, вукхара – серб. ЙоI берриг а доьзало йийна, бохура цхьаболучара, доьзалан дас йийна, вукхара дакъалаьцна дакъа къайладоккхуш, хезара кхечаьргара.


Венерчу нохчашлахь хилла ца Iаш, Австрин прессехь а бара цакхетамаш: лаьцнарг азербайджанхо ву, яздора газеташа.


ТIаьххьара а пресс-конфернци елира полицино. Зуламца доьзна лаьцнарг хиллера йийначу йоьIан лулахо Роберт. Школехь вон ца вуьйцу кIант - гIиллакх долуш, дика доьшуш вара, боху.


Къомах дерг аьлча, Робертан да ах-нохчо (дегахула), ах-гIумки ву (ненехула), шен нана ю гIумки.


"Ца оьшшучу хенахь, хьашт доцчу меттехь"


Бехк толлучу полковнико Мимра Герхарда бахарехь, Хадижат кест-кеста йоьдуш хилла ша йийначу петара хьошалгIа.


Зазадоккху-беттан 11-чохь арахь ловзуш Iийна йоI яхна, гарехь, лулахошка – церан шина цицкаца, хьалха а санна, ловза. ЦIахь хилла оцу сахьтехь 16-лара ваьлла Роберт, ткъа цуьнан 14 шо долу ваша ца хилла чохь. Да-нана концерте дахана хилла.


Роберта морожни елла Хадижатна, луьйчучу чоьнна чу кхайкхина. Цунна ца хааделла кIентан карахь урс. Чуяьлла йоI шайн лийчахIуттийле дIа а теттина, цунна урс детта волавелла. "Корта дегIах дIахаддоза буьтуш, чIогIа диттина урс ", - элира Мимрас.


Цул тIаьхьа  луьйчийла цIийх цIанъян хIоьттина Роберт. Юьхьанца гIуллакх ца хилла, деттачу цIийнан пардо хIоьттина хи дIадоьдуче. "Хи дIадахийта, ремонт еш а ваьллина", талламчас дийцарехь.


ТIаккха цIахь пластикан тоьрмиг а карийна, цу чу йоьллина цо йоI. Цхьа хан яьлча, тоьрмиг ара а баьккхина, дIакхоьссина нехаш юхкучу контейнер чу.


- Хьо лацарна ца кхерара хьо? – хаьттина талламчаша.


- Кхерара дера, коммуналхой хьалхо богIур бу, иза йовр ю, бохуш Iара со, - жоп делла Роберта.


Коммуналхой ши-кхо минот хьалха баьхкинехь, я полици тIаьхьайисинехь, йоьIан лар йовр яра, боху полковнико Хаймедер Герхарда.


Стенна йийна йоI? Оцу хаттарна жоп луш, Роберта аьлла, дерриг а кIира вон дара шен, IаьIна оьгIазалла цхьанна тIехь акха езаш вара ша. "Стенна нисъелла оцу оьгIазаллина буха Хадижат, хаьттира оха. "Ца оьшшучу хенахь, хьашт доцчу меттехь нисъелира иза", дара жоп", - элира журналисташка юристаша.


Нахах доглозучех вац


Лар каро полицина аьтто бина леррина Iамийначу жIаьло. Робертан доьзал бехачу петарахь, луьйчийла чохь цIийн ларш карийча, ша пIелг хадийнера школехь, аьлла кIанта.







Хеттарш дан долийча, къерахилла динчу зуламна. Шек а воцуш дIавигийтина ша полицига. Iадийначу дена хьалхха аьлла, йоI йийнарг ша ву. Иза хезча, дог а малделла, охьайоьжна нана.


Талламан юьхь тергалйича, гуш ду Роберт ша динчух дохковаьлла цахилар. Шега дечу хеттаршна жоьпаш луш, ша дохковаьлла ца боху цо, аьлла, шена Хадижатах къа ца хета, цуьнан ненах (Заремех) къахета. Иза дуьйцучу полковнико Хаймедера билгалдаьккхира, Роберт нахах доглозу адам дац, аьлла.


Таллам хIинцца бен бола а ца белла.  Полисхоша догдоху хиллачун сурт дуьззина дIахIоттаре а, бохаман орам шайна кароре а. Дикачу доьзалехь кхиинчу, шех а дика дош олучу Роберта стенна йийна йоI, ца кхета я Iедал а, я бохам тергалбийраш а. Криминалисташна тIехь ду жоьпаш карор.


…Самукъане, елаелла хуьлу йоI евзинчу Венерчу керташкахь тезет ду. Цуьнан дакъа карийначу контейнершна хьалха чIурамаш догу. Бераша тайнигаш, зезагаш кхоьхьу.


Заремина шен жимачу Хадижатах дисинарг цхьаъ бен дац – цо ша еле, амма йийна ши де даьлча тIекхочучу Ненан Денна хьажийна дитина совгIат. Бес-бесара хаздинчу кехата тIе: "Хьоме Нана, суна доггах еза хьо. Нана, еза-кх суна хьо. Сан дог ма ду хьо, Нана", - яздина Хадижата.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net