Умаров: Шена дерриг а могуьйтур ду моьтту Трампна...
"Iамеркан президент ву и стаг- Трамп Дональд. Цхьана Iалашонашца шен пачхьалкхан векалалла Иерусалиме дехьаяккхар тIедожош, омра до цо. Доллу адамаллана а, цуьнан коьртехь ООН лаьттачу дуьненаюкъарчу организацешна а эхьдоцуш юьхь тIе шеташ тохар ду и. Цуьнан дог ца лозу иудейх а, керстанех а, бусулбанех муххале а… И дерриге а шена могуьйтур ду моьтту цунна. Шуна ма гарра, хичаш а еш, дуьйцу цо цунах, Техасера шен долара ранчо Нью-Йоркна гена боцчу шен даймахка дIахьош санна", - аьлла Умаровс.
Иштта атта Хиросимана а, Нагасакина а тIе атоман ши бомба йожийра цул хьалха хиллачу, хьераваьллачу Трумена а, дийцина нохчийн министро.
"Трумен, тIеман хьелаш дара я кхин а тIех сов наха ца балийта дира ша аьлла, кIелхьаравер вара, ткъа хIун бахьана хир ду Трампан, дуккха а бIешерашна миллиардашкахь бусулбачарна буха Iожалле бомба йиллина волу?!", - боху шен дIахьедарехь Умаров Джамбулата.
