Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2018

Венехь а, Парижехь а хиллачу бохамаша синтем байина Малхбузерчу нохчийн

0
 




 


ПIераскана сарахь яйна хилла нохчийн доьзалера 7 шо долу йоI йийна карийна. Пластикан тоьрмигана чохь цуьнан дакъа карийра полисхошна шоьтан Iуьйранна коммуналан белхахоша нехаш дIахьош цхьана контейнерна чохь.


Хадижат цIе йолу йоI яйнера пIерскана дийнахь делкъалтIаьхьа. Сарахь 4 долуш иза ловзуш гинера Шпиттелау кIоштахь ша ехачу хIусамана гена доццуш йолчу паркехь.


ТIаьхьо йоI цIа ца еача орца даьккхинера гергарчара. Социалан машанашкахь а даржийра йоьIан сурт а, иза лоьхуш хиларх лаьцна хаам а. Жима йоI лаха арабевлира полицин белхахой.


Сахиллац цара теллира гонахарчу цIенойн тхевнаш а, гIишлошна бухара чоьнаш а. ЙоI хоьттуш чекхбевлира полисхой лулахошкахула а, иза тIаьххьара гинчу паркехь хиллачу нахехула а.


Венерчу полицин зорбанан сервисан векло Штайрер Иринас хаам барехь, йийна йоI карийнера шоьтан-дийнахь Iуьйранна. Амма билггал иза Хадижат ю-яц къастталц собар динера Iедалша цуанах оаьцна хаам ца беш.


Жима йоI маца йийна а, муха йийна а тIаьхьо хоуьйтур ду, элира полицин векало. Карарчу хенахь полицина хуург ду иза ницкъ бина йийна хилар.  Иза динарг мила ву цкъачунна ца хаьа Венин полицина.


Амма, вуно адам гIайгIане дожош а, бале лоцуш а дина зулам хиларна, садаIар доцуш таллам дIахьош бу полицин белхахой.


Кхин цхьа вон хаам кхаьчна Шоьтан сарахь Парижера. Цигахь гIалин юккъехь болчу урамехь карахь диг а, урс а долчу жимачу стага тIелатар дина Монсини урамехула дIасалелачу нахана.


Иза Нохчийчохь 1997-чу шарахь вина хилла аьлла, хаам бина кIиранан дийнахь Reuters агенталло, меттигерчу кхеларчу хьастана тIе а тевжаш (муьлхачу къомах ву хьахош дац).


Урс тоьхна стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо, хаам бо меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле иза ларийна цхьа стаг ве а, веанна чевнаш ян а.


Reuters-о бинчу хаамца, цуьнан да-нана лаьцна ду полицино. И шиъ ледеш ду. Reuters ца дуьйцу зуламхо мьлхачу къомах ву. BFM TV телеканало хаам бо, иза оьрсийчоьнахо хилар.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net