ГIалгIайчуьрчу аэропортехь лаьцна лехамашкахь хилла вахархо
Кеманна тIе хуучарлахь талламаш бечу хенахь ГIалгIайчуьрчу Магасан аэропртан полицина гучуваьлла федералан лехамашкахь хилла 32 шо долу вахархо. Къилбаседа-Кавказерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан сайтехь бина и хаам. ТIехь ницкъ а беш, ахчанаш дахарна бехкевеш хилла иза.
"Бехкзуламан гIуллакхах ведда, лечкъина лела и жимстаг лехамашка велла хилла", - аьлла, билгалдоккху урхалло шен хаамехь.