Полицин а, демонстрантийн а тасадаларш хилла Тбилисехь
Полисхой чулилхинарг яра "Басиани" а, "Галерея" а цIе йолу Тбилиси гIалин юккъера ши клуб. ТIаьхьо чохьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дира, леррина операцеш цигахь дIаяхьар доьзна дара цу клубашкахь наркотикаш юхкуш хилар аьлла.
"Басиани" а, "Галерея" а клубашкахь талламаш беш лаьцна 8 стаг. Царна бехке диллина наркотикаш яржор. Клубашкахь садоIуш хиллачу наха дуьхьало йина полисхошна.
Цул тIаьхьа эзар гергга стаг гулвеллера Руставели проспектехь йолчу парментана хьалха. Цигахь хилла полицица тасадаларш. Къепедацаршкахь полицина дуьхьало йина аьлла лаьцна кхин а 20 стаг.
