Нохчийн 7 шо долу йоI йийна карийна Венехь
ПIерсакана сарахь дуьйна лоьхуш хилла 7 шо долу нохчийн йоI йийна карийна Венерчу Дёблинг кIоштахь.
Шоьтан Iуьйранна нехаш гулйечу контейнерна чохь карийна иза, хаам бо Австрин "ХIойте Тахана" газето.
Билггала хилларг хIун ду хууш дац.
Шайн йоI яйна хиларх лаьцна полицин департаменте хаам бина хиллера Диттшоф олучу кварталехь бехачу цхьана доьзало.
Цу сохьта арабевллачу полисхоша сахиллалц лехна иза, тхевнаш а, гIишлошна бухура чоьнаш а, кхин йолу меттигаш а толлуш.
Iуьйранна нехаш дIаяхьале уьш чукхуьссу яьшканаш толлучу полисхошна карийна йоI.
Хиллачу бохамо вуно чIогIа дог дохийна бу нах.
Полисхой таллам беш бу, и бохам хилла меттиг гоне а лаьцна. Меттигерчу цхьана газето яздарехь, йийначу йоIан дакъа хилла нехаш лахьош лелочу платикан тоьрмиг чохь.