Кадыровна "Оьрсийчоьнан Къинхьегаман турпалхочуьнан" седа балийта дехар кечдина Нохчийчохь
Цу тIехь дехар деш ду Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Оьрсийчоьнан Кьинхьегаман турпалхо" сийлахь цIе ялар.
Толаман Де герга кхочуш Кадыровна "Даймехкан Турпалхо" орден елира махкарчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада. И орден депутаташа юкъаяьккхинера кху шеран Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь.
