Шемахь 1200 тIемало а, церан доьзалш а арабевлла Ярмукера
Цо дийцарехь, автобусашца и нах дIабигна Алеппо провинцин къилбаседехьарчу эвланашка.
Цул сов, цхьаболчу хаамашца, оппозицин тобанийн тIемалой арабовлуш бу "ХIомс" олучу гуманитаран коридор кхоьллинчу зонера а.
Цу Iалашонца цигахь Эр-Растан эвлан йистехь болх беш ю нах, таллам а беш, чекхбовлуьйту пункт. Цу пунктехула тIаьхьарчу цхьана дийнахь 3200 стаг чекхвьлла, боху Шемарчу Оьрсийчоьнан эскаран векалша.
