Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь Толаман де ду даздеш
Толаман де дезде а, мукъа де а ду Оьрсийчохь. 1945-чу шарахь Москох буса сахьт даьлча Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Германино капитуляцин акт тIеийцира Берлинехь. Цу кепара чекхбелира Европехь ШолгIа Дьуненера тIом.
ТIаьххьара болчу хаамашца, цу тIамехь 50 сов миллион адам дийна. Царна юкъахь ву 27 миллион Советан пачхьалкхан махкахо.
Малхбузенехь Европехь ШолгIа Дьуненера тIом дIаберзарна хьажийна мероприятеш хуьлу Дагалецаман а, МаслаIатан а Де лоручу Стигалкъекъа-беттан 8-чу дийнахь.
