Премьер-министран дарже Медведевн кандидатура хьехна Путина
Пачхьалкхан Думана премьер-министран дарже Медведев Дмитрийн кандидатура хьехна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Президентан сайтехь бо и хаам.
Хьалхо Москох дIайирзина Оьрсийчоьнан президент даржехь чIагIлуш инаугураци. Барам бирзинчул тIаьхьа министрийн кабинет дIасаяьлла.