Шен захалон сервис кхуллур ю Facebook-о
"Facebook-ах пайда оьцуш ду 200 миллион доьзал кхолланза адам, цундела цу агIор баккъалла а цхьаъ далур ду", - аьлла Цукерберга. Амма цо ца элира билггал иза маца хир ду.
И хаам бинчул тIаьхьа 1,1% хьалабаьлла Facebook-ан акцийн мах. Ткъа доьзал кхолла Iалашо йолуш вовше лоьхучучу нахана юкъахь уггаре евзаш йолчу Match Group компанин Tinder сервисан акцеш яйелла 23%.
